NAZMA studio_"Дош - баьрчче..."_Ахматукаев Адам HD

07.01.2021
"Ойлане евлла ойланаш" цIе йолу NAZMA студин проект. Байт йоьшуш верг ву Ахматукаев Адам... Дош - баьрчче... Дош духе доссийнчу гIалартийн бода тIекхоларх, Шайн могIа бохочу сайга уьш хьежадеш бIагIор, Лар-онда яьхначу гIулчашна эгIаза болар Муха ас тосур ду - дуьрстанах - некъ бига агIор? Ас иза буьйцина, къилба деш, дашочу малхах, IиндагIа лар а деш - суннатах - сайл хьалхадаларх, Дош а ца дожийна цу новкъахь шеконе-шалха, Догмола верасийн юьхьIаржа дуй тIаьхьабало. ХIетте а, дов долуш Махьшаран майданахь къасттол - Ларамза бовзарна хьарамчу тойнера кхачара, - Цхьа дегайовхо ю кхиэло сайн бехказло хьасттал - ГIалартийн тойнна тIе цакхийлар дезарийн тача. Цундела, сирла са гIелдина, бода тIеIанарх, Кхаъхилла, боху ас, вохвелла боберийн кхерчехь: Малхбузе цIиййина, дог хьаста кечлуш ю кхане, Дош а, духхера гIаттийна, дIадоьхуш баьрчче... Ахматукаев Адам

Похожие видео