ХЬАГI Дала Шена дан луучунна цхьа дика дича и цаладалар – Делан лаамна реза ца хилар ду и, кхин хIумма а дац. Цунах олу и хьагI. ХьагI - и бода бу, хьан деган бIаьрса кхолош. ХьагI - и цамгар ю, хьан синтем бууш. Дала хьуна цадоьгIнарг хир ма дац хьуна, хьо мел тIаьхьаидахь а. Дала хьуна доьгIнарг тIаьхьара а дера ма дац хьуна, хьо мел дIаидахь а. Ша цхьана балхехь хьол лахара а хетта, хьо цхьана балхехь шел тоьлла хеттачо бен ца лоцу хьоьца хьагI. И ца лалуш лоцуш ю и. Шегахь цхьа хьуьнар долуш волчу стеган-м гIуллакх а ма дац цхьаьнцца а хьагI лийца. Цунна шегахь хьуьнар дуйла хаьа. Ткъа хьагI, шегахь и хьуьнар дац аьлла, оцу стага ша шена даре а дина, шегахь хьуьнар цахиларна и къарвелча бен ца йолу цуьнгахь гучу. Цундела, шеца хьагI лаьцначуьнца мелла лерам хила безара-кх. © Хабаев Исмаил
одноклассники