" 1аьржа 1а "

12.03.2021
1аьржа 1а Хебаршкахь д1адевли шелонан денош, Т1аьххьара 1аьнан де ду б1аьрхиш 1енош, Гуьйренах д1ахаьдда, цхьа де дутилла, Лайн чимаш дашадеш, 1аьнах д1аийна. Гуьйре ткъа хир ю-кха ша цунна йоьлхуш, К1езанна борз санна, б1аьрзе и лоьхуш, Ши б1е а, кхузткъа а, кхин итт де толлуш, Лелар ю и хоьттуш, уьттазза къанлуш. Гуьйренах тарделла 1а а ду доьлхуш, Г1уране сатуьйсу 1алам а талхош, Б1аьстенах ийзалуш, шабарш ду хезош, Гуьйренах хила шен цатемаш балхош. Мекарчу йовхоно стов шеха 1ехош, Зазанах хьулдина кхин дитташ хьегош. 1аьнаро даздина т1емаш а текхош, Ломахь дохк г1аьттина, боьранехь хьекъаш. Хеназа б1аьстенах цатемаш лехьош, Берг йолу дийнаташ махо ду лоькхуш. Бехчалгах тарделла шен т1емаш уьйбуш, Аьрзу ду когашца ножан га къуьйлуш. Адам Хизриев 28. Февр. 2019

Похожие видео