Стасбургехь хилла дов. Х1у дара йоллучу Европера нохчий г1аттийнарг. HD

08.07.2017
Шуна хууш ма хиллара, даханчу к1иранах дов дара Страсбургехь, цунах лаьцна х1ара репортаж а йара кечйина. Кху чохь вай гайтинера дов иккхинчу куьпара боьвзаш бу бохучу цхьана неха ц1ераш йохуш. Цу наха, кху репортажехь къамаьл деш волчу 1арбойн маьждиган президент волчу воккхачу стагана, цо и ц1ераш йахар бахьана долуш кхаремаш тийсина хиларна, и кийсиг д1а йаьккхина вай. Цу дехареца, Страсбургера вайнеха маьждиган векалшкахула хабар тоьхнера цо. Цул сов, ша ц1ераш йаьхна, шена кхерамаш тийсина болчу нахана хьалха бехказа вуьлуш видео а йазйира кхо а кавказхойн юкъараллин президент хила векал вина волчу Албаковс а. Иза аса т1аьхьо го1тур йу шуна. Ткъа кху репортажах лаьцна, хьалха х1ара ганза волчунна дерг довзийта, хилларг х1у дара кху бухахь дуьйцу аса. Страсбургехь хиллачу бохаман куьгбехкенарш лецна 1едало. Кху сахьта хууш ду кхоъ кераваханийла. Дагадоуьйта, марха досту денош бохамашца дара Страсбургехь. Хиллачуьна таллам беш гуча даьлла, куьпахь талораш дийриг цхьа вежарийн тоба хилла хилар. Хьалхе дуьйна а боьвзаш бу уьш нахана. Нохчаша масийттозза йиттина, церан харцонаш бахьанехь. Амма, тахана лецнехь а, 1едало х1инццал къайла а х1унда кхоьхьа уьш, цаьрца дерг къастор юкъараллина т1е а х1унда тоьтту - хоьтту наха. Хьовса репортаже. Йаржа йе. Шайна тайнехь, там (лайк) хаттабе.

Похожие видео