БЕЗАМАН ЛИРИКА

24.07.2020
Сан даг чохь зезагах гlоттур ду хьан хазахетар, Тlулг хилла, дужур ду муьлхха а хьан халахетар... Делахь а стиглара баьккхина седа ахь бехахь, Бехк суна ма билла, лур дац ас хьуна и дехар... Сайн ойла, синхаам ца хlуттуш хьоьга дlабийца, Йочане, йоькхане денош вайн хийла дlаидда. Ткъа царех тахана сан дагна буха хlун дисна? Сингаттам, сатийсам, дагалецамаш а шийла... Амма ца волу со тахана я уьш а лера, Синтемах хийца а ца гlерта лазам а церан. Сан даго кхин лоьху -- хьан хазахетаран серло, И цунна оьшуш ю, малх санна, зезагаш дело.. Хьан елакъажаро луш дегайовхо, со веха, Ву-те со ирсениг я кхардам кхаьчнарг ву нехан?... Сан дагчохь зезагах гlоттур ду хьан хазахетар, Тlулг хилла, дужур ду муьлхха а хьан халахетар... Яндарбиев З.

Похожие видео

Показать еще