"Луо догlу..."_Эльдиева Марет_Малика Гуно HD

10.04.2014
дешнаш - Эльдиева Марет мукъам - Келоев lийса Луо дог1у... Луо дог1у... Тапъаьлла дахар д1атийна... Хьийзайо, гуо бохуш, ойланийн з1енаша. Цхьалхачу х1усамехь г1ийла чиркх латийна, Йийсаре йиги со гун доцчу г1енаша. Вайшинна юкъахь ду адамаш, г1аланаш, Луо дог1у к1айн буьйса, синош шех хьиэгаш, Вайшимма лайна... я ца лайна баланаш Лечкъийна... дилхина б1аьрхиш а лиэдаш... Вайшинна юкъахь ю къайленийн г1айг1а, Ца елхош... елхийна безамах ойла, Б1аьстенан зазанех ас тегна г1айба Хьуна луш, ларамза йохийна г1овла... Вайх дийлла, ца дийлла дицдина г1алаташ, Эхь хетта хьулдина, дийцина дагара, Даккхийдеш я кхаьрдаш юххера г1аларташ.. Кхойкхуш я ца кхойкхуш... аз а сан багара. Вайшинна юкъахь ю лазаман йозалла, Ас -- хьуна, ахь -- суна кхоьллина туьйра. Тховса ас вайшиннах дийра ду дозалла, Юьйцур ю вайн хилла... ца хилла уьйраш. Луо дог1у к1айн буьйса тховса вайн ю хьуна... Сан чиркхо хьан чиркхе белхор бу бала... Лайн чимаш... цигара совг1атна суна.. Царах ас юха а юттур ю г1ала... Луо дог1у... д1ахьулдеш шадоллу дахар. Лайн чимаш оьмаро сихдина хьийза. Чиркх богу, къагийна вайн йоцу шахьар... Ойла а, са дууш, есаллехь хьийза... Луо дог1у... лайн чимех д1аийна м1аьрго... Дуьненан йистера сан чиркхан серло Етталуш, ян г1ерта вайн цхьаллин терго... Амма и юха а шелонна... къарло. Луо дог1у... тапъаьлла дахар д1атийна....

Похожие видео