Назам Имран у Цороевых HD

10.12.2018
✅-Биллала-Молла ⭕⭕⭕ Ламазана ха хьа эттичи,ва Йа Биллалу арихьна бихьа,цу ламазац тхо парг1ат дахахьа бохуш,Дела Элчанна Моллала дукха кхайкхина волу сий долу Биллал. ➖ И Дела салам хиллариг Дели кхеле вирзичи,Мадинате кхы 1е ваха ца велла,цу Шема махкахь Даре бохучу метте д1авахана хиллера. Биллала шена т1е ца вог1уш хан-зама ялчи,г1енахь(г1анахь) веар бах Биллалина Дели салам хиллариг,ва йа Биллала хьо шена де х1умда ца вог1уш ,ша ма д1атесси ахь аьлла,Элчанно Биллалера барт баьккхина хиллера.Хьалаг1аттина кечам бина ара ваьлла,ровзатехь безучу новкъа велир бах сий долу Биллала. ➖ Элчанна ровзате д1акхеччи,Дела Элчанна ша ч1ог1у велхуш,Элчанна йо1и ши к1ант Хьасани Хьусейни ше кара мара хьерчавеш,цар шинне барташ йохуш,ма ч1ог1у велхуш хьовзир бах сий долу Биллал. ➖ Хьа нена Да Элчи дийна волуш,хьа Дена Нена хьо Макка йиккхарли,ц1аволлала кхайкхахьа Биллала,аьлла Элчанна йо1и ши к1анта,Хьасайно Хьусайно шегар дехар дичи,цу шинне дехарина жоп ца далла эхь хетта,ша хьалха кхойкхуш хиллачу метте хьала ваьлла,ше хазачу эширца моллала кхайкхир бах сий долу Биллалл,"Аллоах1у Акбар"-бохуш,Биллалас Мадинате такбираташ д1аддичи,Мадината охьлу ладийг1а ма делир,Биллала Моллала кхойкхуш,Элчанно хьалха волли ламаз гойтуш,шаш Элчанца яккхина йолу беркате зама шайна дага еана,Дала и Дели салам хиллариг вуха дел вите бохуш,хьомбелашка делир бах Мадинатер охьлой.Ашх1адду анна Мухьаммадар Расулуллах1 аьлла,Шена т1ехь дукха везначу ша дукх везначу Элчанна беркате сийлахь ц1е йоккхучу хенахь,Элчанна беркате сийлахь ц1е шега яккха ца елла,дог делхуш б1арг белхуш ву хьо воссина,ехначу ойланца д1авола велир бах сий долу Биллал. ➖ И Дели салам хиллариг д1акхелхинчу дийнахь,Мединате хьоттина йолу йоккху таьзет санна,цу дийнахь Мадинате,адам ч1ог1у боьлхуш цхьа доккху белхах ваьккхина хиллера. ➖ Дукха веза хьо тхуна ва Элчи Дукха веза хьо тхуна Сийлахь Элчи Хьо ца везита г1ертташ хьо ца везачу наха мел дукха яккхараш хьуна яра,ма дукха веза хьо тхуна ва Элчи. ➖ Ма дукха веза хьо тхуна Ва Элчи,хьо муха веза вацар ва Дела Элчи,"Саддикъул Амин"-аьлла хьайна ц1е тиллина,бакъ луш вериг тешаме вериг бохуш,Пайхамарел хьоги доссали хьалха дийнахь,Цу сий долчу Маккичохь хьо хьистина хилчи,"Ва ма арсалнака илла рохьматал лил 1аламина"-бохуш,Дала ша кхоллинчу 1аламах къихетам беш хьо ваитина хилчи,хьо дукха везначу нахана,жожаг1ати 1азап вай Дала гойтур долуш ца хилчи,хьо муха веза вацар-кха ва Дела Элчи.

Похожие видео

Показать еще