Махках Дохуш Берийн Хаттарш - Мурад Насуханов
Кхоччуш йолу эшариийн видео. Эшарийн дешнаш. Лирика песни, ●●●●●●● Махках дохуш берийн хеттарш. Вайга мохь хьа бетта? Арахь герз хьа детта? Вай дадех мила лета? Нана дIа хьажахьа. Массарелла ша одна, Майра волу вай Дада, Цара чеха веш онда, И хIунда тоьтту дIа? Вай чеха хIунда до? Вайна дов хIунда до? Вай дIа хIунда хIитта до? Дада ахьа алахь? Кху шийлачу Iуьранна, Чехош ара вай даьхна, Юьрта йисте далина, Вай хIунда гулдина? Вай мича дуьгуш ду? Вай хIунда дуьгуш ду? Вай ма гена дуьгуш ду? Дада ахьа алахьа? Кхо де-буьйса дIа дели, ВархI де-буьйса дIа дели, Вайна некъ ма бах бели, Вай дIа хIунда ца кхечи? Дада тхо ма меци ду, Дада тхо ма шеллуш ду, Дада тхо цамогуш ду, Дада орцух валахьа, Дадас букъ тохара, Юьхь тIе куьг хьоькхура, ГIийла Нана йоьлхура, Да амал дацара. Нана ма елхахьа, Дада схьа верзахьа, Тхо меци дац шуна, Тхо шеллуш дац шуна, Вай цIа дуьгура ма ду, Вай хIусмехь дохлур ду, Вай бепиг лохура ду, Вай кога хIуьттура ду. Со вина де кхечира, Со гIан набарш Iехира, Со цIахь вазвеш ма гора, Со Дадас хьоьстуш гора, Белхарш сама ваьккхира, Ирча кхаа баьккхира , Салти чу баьхкира , Дада наьIре ваьккхира. Дада сама валахьа , Дада бIаьрг беллахьа, Дада хьо вист хилахьа, Дада тхоьх ма къастахьа, Кийрахь тхай бала къуьйлуш, Къайлах тхай Нана йоьлхуш, Доьду тхо дог доьлхуш, ГIийла тхай Даде хьоьжуш. ГIийла наьI йиллира, Маьлхан серло кхитира, Тхайна йилли моьттура, Дада чу карчира. Нанас мохь хьоькхура, АЛЛАХI-ДЕЛЕ кхойкхура, Тхо шен мара къуьйлура, Шена собар доьхура. Кхи цкъаа гур воцуш, ТIе хIитта барз боцуш, Лела тхо дадех дуьсуш, ГIенах гаре са туьсуш, ГIенаш наггахь тем бора, Амма самах ца гора, Мел хаза дарах да хIора, Дада виц ца вора. #Насуханов_М_А ■ Посетите наш сайт: https://www.wainkert.com/ ■ На Фейсбуке : https://web.facebook.com/wainkert/ ■ На Телеграме: https://t.me/wain_kert ●●●●●●● #Махках_Дахар #Мурад_Насуханов #wainkert #вайн_керт