NAZMA studio_"Хорачара чахчар..."_Яралиев Юсуп
"Ойлане евлла ойланаш" цIе йолу NAZMA студин проект. Байт йоьшуш верг ву Яралиев Юсуп... Хорачара чахчар... Башха ду Чахчаран амат. Бердаца даьккхина тача, ДогIу и, саоьзда шовда, Марзонан кеп хилла, ловзуш, Керчаеш тем боцу ойла, Шабаршца мукъам беш шовкъе. Исбаьхьа Iаламан паччахь! Мукъам бо цо нохчийн маттахь: Аз сирла дека и шовда. Цуьнга ладоьгIча, аз дов сан. Цо нохчийн маттахь мохь бетта, Некъ ларбо бердашца бертахь. Йочане марха тIехьовзарх, ГIел ца ло бIешерийн шовда. Яхь яйна ша хьийззал, атта КIелдиссал са доцуш дац и. Чахчаро литтина зама. Заманах дош а ду ала. Шен дика ца хердеш нахах, Чахчаре хьежна дIо малх а. Ас цунна хастам бо, хастам! И хасто ма кIордош вац со. Сирла ду Чахчаран амат. Цо ешна историн абат... Яралиев Юсуп