"Ц1ен берд" Гадаев М-С
Iожалло Iехаво, оьций дIахьой, Ял йоцуш вирзинарг, лар йоцуш вов. Уьйрашна вицвелча, Далла а вицлой, Базло, бах, лахьти чохь упханан тхов. Даим со хьегначу ЦIен-Берде гIой, Цуьнга бIаьрг тохалаш, аьтту хилахь. Цигахь диънера ас бераллин той, Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь. ГIеллой Iаш хетало безна и мохк, Малх хьуллуш бIаьрг тоьхча геннара дIа. Хьомсарчу ламанах хьерчаш Iен дохк, Гуш санна, вогIалой, вехха со Iа... Дог-мерза гул а лой, ЦIен-Берде гIой, Дегнийн хьу ясталаш бIаьста-гурахь. Сан метта бIаьрг тохий, сан бIаьрга гой, Сан берд аш хьасталаш, ганза со лахь. Цигахь диънера ас бераллин той, Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь. Пепнаш кIел тIулг богIий, гонаха берд хьой, Безамна бIарлагIа елаш цигахь.