ХЬО БЕЦАРА САН ДАЙМОХК ! HD
Хьо бецара сан Даймохк? 1 Хьо ецара ДегIаста, Исламах дог долуш ? Хьо ецара Нохчийчоь, ГIиллакхийн бохь болуш ? Хьо ецара Нохчийчоь, Доьналлуо кхиийнарг ? Дуьненчохь яьлла-гоь, ПаргIато ларйинарг ! 2 Хьо бецара сан Дайн-Мохк, лаьттатIехь къаьсттина ? ГIийланиг мисканиг, дог оьцуш хьистина ? Хьо яцара Нохчийчоь, Къонахий кхиийнарг ? Лардинарг церан доь, Маршонехь яхчийнарг ! 3 Хьо бецара Нохчийн-Мохк, дицдан хьайн йиш йоцург ? Турпалан Нохчочун, тIаьхьенех кхерч болуш ? Хьо бецара сан Дайн-Мохк, цу стигла кхоьвдинчу ? Хьуьнарца кхочу бехк, Доьналлех лам болуш ! 4 Хьо ецара Нохчийчоь, Маршонах кхача берг ? Маршонан къийсамехь, Маршонна кхоьллинарг ? Хьо яцара Нохчийчоь, Паччахьий Къаной берг ? Массуо а бераш хьайн, Маликаш лоруш ерг ! 5 Хьо ецара Нохчийчоь, Зударшкахь Сий кхаьбнарг ? Эхь-бехках дуьззина, Iадаташ доттинарг ? Хьо яцара Нохчийчоь, бакъонаш ларйинарг ? Нийсонца дуьстина, Ламасташ нисдинарг ! 6 Хьо ецара Нохчийчоь, хьайн Эхарт лардинарг ? Хьо децара Нохчийн къам, Уммат дог гIаттийнарг ? Хи санна цхьаъ долуш, даьхна хьо Нохчийн къам ! Малх санна ша сирла, Яхь йолу Нохчийн къам ! 7 Хьо бецара сан Дайн-Мохк, мостагIий кхийринарг ? Уьш къежбеш цистина, шайн цIийла керчийнарг ? Хьо бу И сан Дайн-Мохк, денбала безаш берг ? Эккхабеш бода дохк, самабала декхар берг ! 8 Нохчийчоь хьан КIентий, гулбеш де догIур ду ! ДегIаста хьан баала, дIаэккхо Де лоьхуш ! Нохчийчоь хьан КIентий, гIоттун Де догIуш ду ! Маршонан вайн гIала, Сийлаллехь юттуш ! 9 Да виса хьан Дайн-Мохк, Iунал дан суй болуш ! Хьан Нанойн ДоIанашна, Делера жоп долуш ! Сий долу Нохчийчоь, дуьссийла хьуна тIе ! АллахIан Беркаташ, ерзош хьо Шена тIе !!! Аьрсбин Абу-Бакр 27.09.15 ш
Похожие видео
Показать еще