Анзор Мадаев - Бералла
Жималлехь лоьвзана, И хаза меттигаш БIаьргкхетча керла йолу Ширъелла хилара Йиш йалар къеззигчу ханна Цу хене верза са ДIаяха гIенахь санна сан хаза бералла - 2x Дитташ тIера мажло гIаж санна ДIаяха хьо, сан бералла ДIаяха, ца хилча санна Битти ахь дагалецам суна Дитташ тIера мажло гIаж санна ДIаяха хьо, сан бералла ДIаяха, юха кхин цкъа Йоьрзара яц хаза хан юха Бералла, хаза хан Ма генахь йиси хьо Со тIехьа мелхьажжи Дика хан ялле го, Ойланца сих-сиха Сай дагалоьцу хьо Сан хьоме бералла Соьца елира хьо Ойланца сих-сиха Сай дагалоьцу хьо Сан хьоме бералла Сан догчохь еха хьо Дитташ тIера мажло гIаж санна ДIаяха хьо, сан бералла ДIаяха, ца хилча санна Бити ахь дагалецам суна Дитташ тIера мажло гIаж санна ДIаяха хьо, сан бералла ДIаяха, юха кхин цкъа Йоьрзара яц хаза хан юха - 2x