NAZMA studio_Лиза Мелардо_"Зезагаш техкар ду тийна..."_Петирова П._Келоев И.
Зезагаш техкар ду тийна... БІаьстенца зезагаш гІовттуш, Кхолур ю аре, Со цаьрга маршалла хоттуш, Ма хьежа яре… Зезагаш техкар ду тийна, Сан еларх тера, Стигал а хир ю сов сийна, Некъаш а шера… Амма сан елар дIадайна, Ахь кхолий иза, Со йиси цхьалха, гIаддайна, Къаьхки сох ирс а... БІаьстенан тидамаш бохуш, Леларх хьо веха, Ца хезча ас хьайн цIе йохуш, Лур вуй-те Iеха? БІаьстенца зезагаш гІовттуш, Кхолур ю аре, Со цаьрга маршалла хоттуш, Ма хьежа яре… дешнаш - Петирова ПетIамат мукъам - Келоев Iийса