Cурат ал-Ихлас
112-гIа сурат «ал-Ихлас» («[Динан] цIоналла») (Маккахь я Меднахь доссийна, диъ аят ду) Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца. 1. Ала: «И АллахI - Цхьаъ ву, 2. Шех тоам болу АллахI ву И. 3. Цуьнах ваьлларг вац, Ша цхьаьннах а ваьлла вац И, 4. Цуьнца нисвала хилла а вац цхьа а». _ «Ала», шек а воцуш, хьайн дешнаш бакъ хиларх тешна а волуш, церан маьIна хууш а волуш: «И АллахI Цхьаъ ву» - вуьшта аьлча: Цхьаъ ву И, Цуьнан хаза цIераш а, куьцаш а дуьззина, сийлахь, кхачаме ду. «Шех тоам болу АллахI ву И» - вуьшта аьлча: Цуьнга боьрзу массо а шайн доллучу дехаршкахь (хьашташкахь). Стигланашкара а, лаьттара а берриге бахархой уггаре лакхарачу даржехь хьашт бу Цуьнга, доIанехь Цуьнга гIо доьхуш а бу уьш, хIунда аьлча Цуьнан дерриге куьцаш дуьззина а, кхачаме а ду. Дерриге хууш ву И, дуьззина а ду Цуьнан хаар. КIеда ву И, кхачаме а ю Цуьнан кIодалла. Къинхетаме ву И, массарна а кхочуш дукха бу Цуьнан къинхетам. Иштта ду Цуьнан дерриге куьцаш а. Цуьнан Делаллин кхачамалла дуьззина хилар гойту «Цуьнах ваьлларг вац, Ша цхьаьннах а ваьлла вац И» бохучу аято. Цундела цхьа-цхьаьнга а хьашт долуш вац И. «Цуьнца нисвала хилла а вац цхьа а» - вуьшта аьлча: цхьа а вац Цуьнца нисвала Цуьнан цIерашкахь а, куьцашкахь а, гIуллакхашкахь а. Сийлахь-Воккха, Беркате ву И! Чаккхе еш ала мегар ду: дийнна хIара сурат кхайкхош ю Делаллин цIераш а, куьцаш а цхьаьна АллахIан хиларан Iилманан агIо. (Маккахь я Меднахь доссийна, диъ аят ду) Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца. 1. Ала: «И АллахI - Цхьаъ ву, 2. Шех тоам болу АллахI ву И. 3. Цуьнах ваьлларг вац, Ша цхьаьннах а ваьлла вац И, 4. Цуьнца нисвала хилла а вац цхьа а».