Тамара ДАДАШЕВА - Шовданехь

15.08.2019
ШОВДАНЕХЬ БIаьстенан суьйренах Суьйре ю тIейогIуш, Шовдане гулбелла нах. Сатийсар совдаьлла, Безаман цIе йогуш, Лаьтта со вагийна ахь. Ас хьуна кхиийна Сайн даг чохь цхьа зезаг, Йолахьа цуьнга хьажа. ХIунда ю кхоьлина? Лоьху те кхин безам? Зезагел хьо ю хаза. Эсалчу дешнашца Хийла ас хьистина, Хьо язъян дешнаш лехна. Хьуна тIе некъаш деш, Лаьмнаш ас цистина, Хьоьца ирс кхоллар дехна. БIаьстенан суьйренех Цхьа суьйре тIейогIу, Шовданехь ладоьгIу ас. Сатийсар совдаьлла, Безаман цIе йогу, И хIунда латийна ахь? Шаид РАШИДОВ

Похожие видео

Показать еще