Хьехам Билал "Йижри ойхьаз бахар" кхоалг1а дакъа 3

25.09.2014
Йижарий ойхьаз бахарх лаьцна! Ассаляму 1алайкум ва рохьматуллох1и ва барокатух1у... ЛЕРАМЕ ВЕЖАРИЙ тахан лера вай къамел къаьстина вежаршка хир ду! Суна тахахана вежаршка ала лиънера, цара жимма ойла йир яцар техь, уьш шайн фитначуьра ара бойра бацар техь, тоба дарца Аллах1е, оцу фитне юха ца боьрзуш, ц1енна Аллах1ан дуьхьа вайн вежарш тоба даре са туьйсуш, ц1ена хин долу ниятца весет деш, хьехар деш, дехар да лиънер суна! Хьехар дич хьай йишин дехь и хьехар олуш берш хуьлу олу т1акх цхьа волчо, ахь алахь т1акх хьай йишига, хьай йишига санна цунга алахь, х1ай сан бусулба йиша хьо бусулба ю, со а бусулба ву, вайшинне там болуш дац х1ар санна дерг лело але кхета йа хьажа, ахь хьехар дича из кхеташ яцахь, ду1а де Аллах1е, йа Аллах1 нис ехь из але, хьо боккъалла а из нис яларе сатуьйсуш валахь. Вай лардала деза оцу фитнах вежри, боьха некъ бу иза, зина т1е боьду некъ бу иза, и ойхьаз къамелаш дар 1ад дита деза вай тоба дина, церан сий дан деза вай, уьш вай нис ца бахь а, дика берш гал ца баха хьовса дезар вай, массо меттехула зинаш дой ц1а вог1и, суна ц1ена зуда еза оли охьа хуъ цхьа верг- ц1енниг муха еза хьуна х1ай лераме бусулба ваша хьой ц1ена воцуш, дикниг мух еза хьуна, хьой дика ца хилчахь? Хьайн дикниг езахь, хьо дика хилахь са лераме ваша, хьайн ц1енниг ези хьо ц1ена хилахь! Вай и фитан сац ца дахь вай цунах жоп дала дезар ду шуьн вежри, Ас Аллах1е доьху вайна тоба да синкхетам балар, вай тоба динчул т1аьхьа Аллах1о вайгар тоба къобал дар! АЛЛАХ1О ПАЙДЕН ДОЙЛАКХ Х1АР КЪАМЕЛ СУНА А, ИШТА БУСУЛБА ВЕЖАРШАНА А! АМИН.

Похожие видео