«Борз» - Нохчийн туьйранаш

19.10.2019
Нохчийн фольклор- «Борз» Дукхе-дукха хьалха, вайна дага а ца йогIучу заман чохь, дуьнен тIехь инзаре ирча мох баьлла хилла. Луьра хьоькхучу мохо дитташ орамашца схьадохуш, генна дIасакхиссира, лаьмнаш дохош, охьахерцийра. Хиш а, хIордаш а деста а дистина, аренашкахула даьржира. Дуьнен тIехь мел йолу садолу хIума сабIарзделла хьийзара, едда кIелхьараяла гIерташ, дIалачкъа меттиг лоьхуш. Цхьа борз яра паргIат, и ца кхераелира инзаре нуьцкъала хьоькхучу мохах, и цхьаъ яра цунна дуьхьал яьлларг. ОьгIазе цIогIа детташ, тIера цIока дIасаийзош, цIийш дIатуьссуьйтуш, ницкъ бира мохо барзана. Амма борз меттах ца елира: курра корта хьалаайина, когаш ондца лаьттах чубахийтина, цуьнан ницкъ шен дегIаца дIахудуш, дуьхьало йора цо махана. Цхьа хан-зама яьлча, цкъа а хIумма а ца хилча санна, мох дIатийра, малх гучубелира, дуьнен тIехь юха а паргIато дIахIоьттира. Са мел долу хIума а цхьацца гучуйолуш, гул а елла, барзана тIе яхана. Акхароша барзе аьлла: — Дела дуьхьа, борз, xIapa дерриге а дуьне мохо хьерадаьккхина хьийзаш, дитташ бух дохуш,аренаш дистинчу хиша хьулъеш, лаьмнаш аталуш охьаоьхуш,массо а садолу хIума са дадийна дIалачкъа меттиг лоьхуш хьийзаш, хьо цхьаъ меттах ца елира, и хIун ду? TIepa цIока мохо ийзийна, асанаш кхозуш, йинчу чоьвнашкара цIийш охьаоьхуш йолу борз курра хиина Iaш яра, генна хьалха а хьоьжуш. Цо, хьала а гIаьттина, иштта жоп делира акхарошна: — Со тIехь лаьтташ йолу латта — сан даймохк бу, цундела, кхузахь муьлхха а хало тIееъча а, аса цкъа а д1атосур бац и, — аьлла. Цу дешнаша эхь хетийтина, ойлане а яхана, акхарой дIасаяхара. Чоьвнаш хилла, цIока этIийна, цIийш охьаоьхуш йолу борз шен меттахь йисира, дIайоьлхучу акхарошна тIаьхьа а хьоьжуш. Берзан кхин даймохк бацара... Даймохк цхьаъ бен бац.

Похожие видео

Нохчо ву со, нохчийн нанас борз ехкинчу буса вина, ЦIоькъа-лоьмо шен маьхьарца вижинчуьра гIаттавина, Нанас иллин накха белла, илли ала векалвина, Нохчийн маттах, нохчийн махках берахь дуьйна дозалдина. Нохчо ву со, Лермонтовна тIеман кIуьрлахь хийла гина, Топ кхетарна цунна кхоьруш, сан Даймехкан сий лардина, Сайн хьешана мерза кхача, деган йовхо ца кхоийна, МостагIчунна, бекхам боцуш, цхьа а зулам ца дитина. Нохчо ву со, маршо къуьйсуш, Даймахкаца тоба дина, Цунна ямарт, осал хеттарг, къа ца хеташ, сайх хервина, Сайн ден дакъа, цIе-кIур доцуш, ца дисийта, юкъ йихкина, Iазап хьоьгу лай хуьлучул, летта, вала резахилла. Нохчо ву со, кху дуьнен чохь са лаьттачу ирсе кхочуш, Барттий, безам, яххьий, тешам байна, цкъа а вехар воцуш! Нохчо ву со, цхьаьна а къоман къонахчуьнца гамо йоцуш, Махках ваьлла, халкъах хаьдда, декъалхила амал доцуш!
23.01.2018
00:57

одноклассники

03.08.2018
00:31