NAZMA studio_"Цхьана дийнахь..."_И.Келоев_I.Keloev

05.10.2011
Цхьана дийнахь... Мел велларг, мел вайнарг кхайкхина, Валанза мел виснарг айкхвина, Цхьа ловзар хIоттор ду ас цхьана дийнахь. Со вер вац даима... даима тезетахь Iийна. Тхьамдалла хаор ву сайн луьра мостагIа, Ловзаран човс хир ву сан деган доттагIа, Вотанча хаор ю сайн синна бIоста хан, Пондарча хаор ю... хаор ю синтеман моттаргIа.. Ловзарга йогIур ю, ца ешаш яьлла, Со вуьтуш дIаяхна Iожаллин гIайгIа. Цкъа а шен дахарехь хелха ца ваьлларг, ГIоттур ву, боларца доьжна дог айа... Ас цуьнца долор ду ког шершон хелхар. И хелхар ца кхачош, бIарзлур ву мостагIа Къанлур ву доттагIа, къарлур ю бIоста хан, Лекъар бу дуьненчу валаран белхам... дешнаш - Бисултанов Апти мукъам баьккхинарг а, илли дlаолург а - Келоев lийса видео - Эдельмежидова Малика

Похожие видео