Нохчийн сийлахь йо1.

10.06.2017
Нохчийн йо1. Дукха ширачу заманчохь дуьйна нохчийн къоман кхетамехь деза хилла йоь1ан сий , зудчуьнан сий бохург. Зудчуьнгара даьлларг дерригчу тайпана, тукхмана, ц1ийна, ц1арна т1едог1уш эхь хиларе терра, иштта ша-тайпа хилла зударшца латто еза юкъаметтиг а, цаьрца хила беза ларам а. Зуда йийнехь, цунна дуьхьала ч1ирана шиъ вуьйш хилла. Вайн къоман иесехь инзаре дукха масалш, хиламш бу зударийн, мехкарийн сий бахьан долуш стеган ц1ий 1аьнна а, стаг хийла сих къастийна а. Зудчуьнан сий дарал доккха х1ума лоруш а ца хилла нохчаша. Цундела , зудчо шен корта 1овра боккхуш, леташ воллучу шина боьршачу стагана юкъа шен кортали тесча, мел доккха дов къастош велахь а, и шиъ д1асаволуш хилла. Нохчийн йо1 даим хилла оьзда, эсала. Иза даим эхь долуш а, бехк болуш а хилла. Шен дег1ан сий дайна, я сий дайъитина ехачул, 1ожалла г1олехь хетта цунна. Цунна масал а долуш ду. Инарла Ермоловс Дадин-Юрт яккхарх долчу тептар т1ехь оцу юьртара зударий а т1ехь шаьлтанашца шайна т1елетара бохуш яздо. Нохчийн зудчуьнгахь турпалаллин аг1онаш а ю. Цунна тоьшалла ду Гиххойн Таймасха. Итт шарахь Пачхьин эскаршан дуьхьала къовсам латтийна оцу зудчо, шен боллучу ницкъаца. Иза куьйгалхо а йолуш, т1аьхьах1оьттина б1аьхойн тоба а хилла цуьнан. Т1аьххьар а, 1842-чу шарахь, Яндарехь Пачхьин эскаршца хиллачу цхьана т1еман къовсамехь йийсар йигна Таймасха. Иза караялинийла шена хиъча, Петарбухехь волчу Миклай паччахьо омар дина хилла, «вайна дуьхьала т1ом бина йолу и зуда суна т1еялае» аьлла. Шен нохчийн духарца ялае аьлла а хилла цуо иза. Иштта, Петарбухе д1айигинчу Таймасхина Миклай-паччахьин зудчо жовх1арца кхелина дашо заь1а а елла совг1атна, ахча а делла. Т1аьххьар а, набахтера маьрша-мукъа а яьккхина, д1а а хецна Таймасха, цуьнан къонах хилар бахьан долуш. Гуьржийн сийлахь-воккхачу яздархочо Александр Казбегис яздо: «Нохчийн зуда массарел маьрша ю, цундела массарел тешаме ю. Шегара цкъа а эвхьазло ца йолуьйту цуо, шен боьршачу нахаца маьрша къамелдан бакъо йоллушехь.» Вайга Дала а, шен т1ехъхаза хиллачу къамелашкахь Делан Элчано а, Делера салам-маршал хуьйла цунна, 1арбой хила ца баьхна.Х1ора къоман шен кхолламе, дахаре, ша 1аш, дехаш долчу махке хьаьжжина хуьлуш ду 1адаташ, ламасташ. Вай нохчий ду. Цуо чулоцу юьззина йолу бусалбалла . Вай нохчий ду, дукха заманашкахь 1азапан 1индаг1ехь даьхкина, лаьмнийн кийрахь дина, лаьмнийн махкахь кхиина. Вай йиш яц шайца 1аьржа ун бен кхин х1ума доцчу маьттазчу 1адаташна к1ел совца. Вайн бакъо яц, оьзда, яхь йолуш хиллачу вешан дайн весет дохийна, б1еннаш шерашкахь вайна сагатдина къежделлачу нохчийн лаьмнийн б1аьрахьажа. Хала ду, шех «дуьне» олучу х1окху балин ц1а чохь нохчаша ца ловш х1ун дисна дийца. Т1ех1оьттинчу муьлххачу а бохамна хьалха цкъа а къарделла, корта та1ийна динах, оьздангаллах, йохьах, юьхьах доьхна дац нохчийн къам. Вайна т1ехь Дела ван а вац, я хилла а вац бохуш йолу коммунизм лаьттина, вайна дин лелор хьарам деш. Х1етте а ца тесна нохчаша дин д1а. Оцу сийначу Сибрехахь текхна долчу оцу халачу кхойтта шарахь

Похожие видео

Показать еще