Ма делха, ма делха, кийрара дог са...

03.02.2020
Х1ун де ас, хьоменаг, доьхначу дагна? Къинт1ера валалахь хьоьх къастарна, Ма хьежа сан б1аьрга ойланашца, Ма делха, ма делха кийрар дог сан. Ма делха, ма делха кийрар дог сан. Х1окх хаза дуьненан чохь ирсанаш ду, Х1окх хаза дуьненан чохь баланаш бу. Вайшиннан дегнаш вовшех хьегош, Лелар ду, лелар ду неха къинош. Лелар ду, лелар ду неха къинош. Йаханза ца йолуш йехар йу со, Ваханза ца волуш вехар ву хьо, Вайшиннан дахар хира дац цхьана. Хирдоцу ирс хилла хьоьца лехнарг. Хирдоцу ирс хилла хьоьца лехнарг. Х1ун де ас, хьоменаг, доьхначу дагна? Къинт1ера валалахь хьоьх къастарна, Ма хьежа сан б1аьрга ойланашца, Ма делха, ма делха кийрар дог сан. Ма делха, ма делха кийрар дог сан. Ма делха, ма делха кийрар дог сан. Ма делха, ма делха кийрар дог сан. ВАЛИД ГАДАЕВ.

Похожие видео

Показать еще