Валид ДАГАЕВ - Пондаран Аз
ПОНДАРАН АЗ Ма делхахьа, ма цlийзахьа, хlай, пондаран гlийла аз. Къоналлехьа ма ийзахьа -- шолгlа яц и елла яз. Эрна бо ахь гlитта дагахь гlалин мерза мехкарий. Хьежна ву хьестар багахь, церан коча техкаре. Кедийн гlарехь, томкин кlуьрехь бартийн бlагор бевзина. Ахбиллинчу бlаьргийн нуьрехь акха безам левзина... Хилларш соьха херделлера, тийна дара дорцийн гlов. Халла кийрахь артделлера хьегараллин ирча ов. Хlинца суна ма цlийзахьа, хlай, пондаран гlийла аз. Къоналлехьа ма ийзахьа -- елла яц и шолгlа яз.
Похожие видео
Показать еще