Бисултанов Апти "Дегlаста..."
ДЕГIАСТА ДегIаста, ДегIаста, Азаллехь дуьйна хьо хIаллакьян гIертачу Къизачу ницкъанна юьхь-дуьхьал лаьтташ Баккъашца хьан лаьмнийн оганаш нисдеш Турпала баьхначу хьан кIентийн дуьхьа ДегIаста, ДегIаста, Эвхьанна безарийн бIаьра ца хьовсалуш Шовданийн бIаьра уьш хьийсарна цIинлуш Кийра цIийх оьхучохь са сирла латто Хьуна ницкъ беллачу йоIарийн дуьхьа ДеIгаста, ДегIаста, Доллучу дахарехь оьзда юкъ йихкина Набаран кхоьлах а хьуна сагатдеш Доьзалийн вонехь а садаIар доцуш Хьуна хехь лаьттинчу къонахийн дуьхьа ДегIаста, ДегIаста, Нуьцкъала хьоьх даьхна дуьненчохь даржийна Хьан лаьттахь кошан барз хиллачех хьоьгуш Бартхаттар дицделла хьо Деле йоьхуш Эхарта дирзинчу хьан берийн дуьхьа ДегIаста, ДегIаста, Азаллехь Дала ша вайн дуьне кхоьллича Стигланаш латтанаш хIиттийна ваьлча Дуьненан Iаламаш нисдина латто Диначу лекхачу хьан лаьмнийн дуьхьа ДегIаста, ДегIаста, Делан шен пурбанца малхо де доладеш Адамийн акхаройн гIан-набарш хадош Хьан 1аннийн бердашкахь шахьаршкахь бижина Бода дIатоттучу серлонан дуьхьа ДегIаста, ДегIаста, Маьршачу буьйсана ламанан тарханаш Назманийн мукъамехь ойлане техкаш Экхано шен кIорни йохъечу хенахь Хьан гIенаш хьоьстучу тийналлин дуьхьа ДегIаста, ДегIаста, Да-нана резаден доьзалхой кхиош Хьаша-да резавен цIе кхерчахь латтош Дела ша резавен Iамалаш лелош Хьан беркат лардинчу хIусамийн дуьхьа ДегIаста, ДегIаста, Зингатан дахар а мехала лерина Экханан бакъо а тидаме эцна Маршонца нисдина нийсонца дустуш Тхан дайша кхоьллинчу гIиллакхийн дуьхьа ДегIаста, ДегIаста, Дела цхьаъ виначийн ламазаш дебадан Элча бакъ виначийн ойланаш кхаба Хьан лаьмнаш сирлачу джамIате кхайкха Диначу дуьххьарчу маьждиган дуьхьа ДегIаста, ДегIаста, Вала да воцуш хьо б1арзъелла хьийзачу Тхан наной хьан къинна боьлхучу дийнахь ГIазотехь дуьненан боданаш багош Хьан кIентий оьгучу доккхачу дийнахь Дала ларйойла хьо тхан Нана-ДегIаста!