NAZMA studio_"Йочана..."_Бисултанов Апти HD

20.12.2020
Хьомсара махкахой! Оха шун тидаме юьллу "Ойлане евлла ойланаш" цlе йолу NAZMA студин рогlера проект. Нохчийн маттахь язйеш болчу авторша йоьшу шайн говзарш... Йочана... БIаьрга Iоттарх пIелг гур боцуш, Йочана ю даге кхочуш, Ойла мустъеш, хаттах эеш, Хьан мел хилла гIайгIа хьееш. Наггахь урамашкахь халла Машен йоьду, серло текхош, Йоллучул а язйой цхьалла, Боллучул а лазам хьекъош. Токхам текхна, хьехан кийрахь Висча санна дуьне къарло, ДIа мел даьлларг хета хийра, Схьа мел хиндерг сица къанло. Цхьаъ мукъна а лаьмнийн гIаларт Къаста ца ло, мел бIаьрг баарх, Кху дуьненчу вар а гIалат Хета доллу, мел ца лаарх. Хаьа цхьанхьа гена арахь Некъийн лекха серло юйла. Ткъевнах йоьлхуш цхьаллин хара, Хала хуьлу яйна уьйраш. Хала хуьлу Iора девлла Урдаш доьлху хIара эвла, Лозуш деган юкъаметтехь ХIора яйна юкъаметтиг... Бисултанов Апти

Похожие видео