театр NAZMA_"Хьайбахахь язйина байташ..."_Магомадов Майрбек HD
Хьомсара махкахой! Оха шун тидаме юьллу NAZMA студин "Театр NAZMA" цIе йолу керла проект. Байт йоьшург ву Магомадов Майрбек, Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу театран актёр. "Хьайбахахь язйина байташ..." (кийсак) ТIапа куйнаш дайрий шуна гуо беш салтий байрий шуна Эхартахь бен дицлур доцу Къийамат-де дайрий шуна? Шийла цхьамза гIортор йолуш цIийза дIаьндарг гIиллакх долуш некъан баккхал суьлхьа долуш къаной гулбеш байрий шуна? Когадахар лайлахь долуш меттан даар неIалт долуш тоьпан биргIа зизам долуш бераш гулдеш дайрий шуна? Доруш тоьгуш марчо доцуш доккхуш доькъуш сагIа доцуш охкуш кечдеш лахьта доцуш синош догуш дайрий шуна Къа лерина маршо езар пхьа лерина Дела везар шира Нашха нохчийн безам цIергахь ягош яйрий шуна? Бисултанов Апти