NAZMA studio_"Нана..."_Радуева Зура HD

10.09.2020
"Марзонийн цинцаш" цlе йолу NAZMA студин проект. Байт йоьшуш ерг ю Радуева Зура. Нана... Суьйре, аьхна суьйре, Хаза, маьрша йогIу. Нана, дийцахь туьйра, Со хьо йолчу вогIу. Стигла оьху Iана Эзар цIарах тховса. Хьаьгна ву со, нана, Цкъа хьан марахь тхьовса. КIадвелла со чIогIа Хьоь сатуьйсуш лела, Хийла дог ца догIуш Хьо ца гучохь вела. Амма и хьан йовхо Даим даг чохь къуьйлуш, Веъна со сайн новкъа, Ирхонашца къуьйсуш. ЭтIош когийн айра, Гуш сайн ирсан кхане, Со чекхвийлла майрра Хьох дуй бууш, нана. Шир ца елла хьуна Сан кху кхерчан уьйраш. Нана, дийцахь суна Хьайн къоьжаллин туьйра... Бисултанов Апти

Похожие видео