NAZMA studio_"lиндагlаш.."_И.Келоев_I.Keloev HD

20.05.2011
IиндагIаш... IиндагIаш - царна а ма деза вовшийн, бесачу, даима шийлачу царна, амма шаьш кхоьллина цхьа малх дIабовш бен, марзонан хама бан-м ца хаьа царна... Цкъа цхьана дитта тIехь дезначу вовшийн, вовшийн мутт мийлинчу цу шина генах дисинчу IиндагIийн мох меттахъхьовш бен вовшех ца хьакхало догIмаш я генаш... Йа АллахI, ма марзо хила а еза-кх цкъа вовшийн дохдина доцучу церан! Ма дагахьбалламаш хила а беза-кх доьдучу хи тIе чуэгначу церан! Эсалчу, экамчу марзонан шовкъехь дегадар, эгадар бу церан мотт а, шайний бен къайле ца евзачу зовкхехь ца эшар кхин цхьа а меттар я моттар... IиндагIаш - царна а ца лаьа хIинца бузучу цу малхе хIумма а хетта - эгадеш марзонан хIора а цинцах вай а вайн IиндагIаш хиларх со кхетта... Цу дакъаделлачу диттана тIера ларамза генийн иэс цкъа меттахдалахь, меттаххьов, IиндагIийн санна, сан кхерам - там бара со царел хьалха дIавала... дешнаш - Бисултанов Апти мукъам баьккхинарг а, илли дlаолург а - Келоев lийса

Похожие видео