NAZMA studio_"ХIара ю-кх хьуна сан ойла..."_А.Бисултанов_И.Келоев HD
ХIара ю-кх хьуна сан ойла... ЗIимарге духар ма деха, ЖухIарге гIайгIа ма еха, Ма деха ахь соьга дешнаш, Сан дагчохь туьханах дешнарш. Хьо йоцуш дезна сан хийла Хьан сибат синкIоргехь къийла, Хийла чухирцина бердаш, Сан некъаш дIакъовла гIерташ. Хийла дIабоьллина цара Сан деган мохь эрна арахь, Хийла дIахьулйина цара Сан дагалецамийн яраш. ТIулга тIехь кхиийна рицкъа, Хьан цIе а - сан деган ницкъ а, Дерриг а дIадайа гIерташ, Хирцина сан некъийн бердаш. Мехашка ма еха хIусам, Арене ма деха пусар, Ма деха ахь соьга лерса, ЛадегIна кхачийна лерса. Некъашка ма деха тIемаш, Замане ма беха темаш, Ма деха ахь соьга бIаьрса, Хьо ца гуш кхачийна бIаьрса. Сан шераш хIораш ду-кх хьуна, Сан лораш йолуш ю-кх хьуна, ХIара ю-кх хьуна сан ойла, Ас хьох бен ца йина ойла. Хеттаршна ца оьшу зоьпарш, Деза ду эшамийн жоьпаш, Дуьненан, эхартан доза Ахь гайтар деза ду бIозза... дешнаш - Бисултанов Апти мукъам баьккхинарг а, илли дIаолург а - Келоев Iийса