Асвад хьехам | Саг1ина х1ум ло ⌛️ HD
СагIа лучунна цунах дерг ма-дарра хаахьара а, цо сурт хIоттош делахьара а ша луш долу сагIа къечу стеган кера кхачале хьалха АллахIан кера кхочуш хилар, сагIа луш волчуьнан самукъадалар доккха хир ма-дара, иза схьа оьцуш волчуьнан самукъадаларалла а.. Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: Буьйсанна а, дийнахь а, къайлах а, гуш а шайн даьхни сагIина лучарна кечдина совгIат ду церан Делехь. Кхерам а хаалур бац царна йа гIайгIане а хир бац уьш. Сурат: «..аль-Бакъара..», айат 274. ◉Дуккха а сагIанаш даха аш, баккъалла а, АллахIах тешаш хилларг, къематдийнахь шен сагIанан IиндагIехь хир волуш ву шуна. ⌛️Хьо дуьненчуьра дIавалале хьалха, эхартахь ирсе вийр йолу Iамалш е! • Лелаш долу сагIа даккха.. • Iилма даржош дакъалаца.. • Къуръанаш эций, доьшур долчарна дIало уьш. «Массо сино валар 1овшур ду» Сурат (Али 1имран, 185 аят) Массара а боккхур бу валаран чам – дикачо а, вочо а, хьоладас а, къечо а, эсалчо а, курачо а… ☪️Ткъа массеран чаккхе и валар хирг хилча, ма декъалалла ю-кх шен дахар шен ницкъ ма-кхоччу Iибадат деш, нах АллахIан дине кхойкхуш, нахана пайде волуш шен Далла дуьхьала ваханчунна! АллахIан элчано (ﷺ) аьлла: «Бусалба стаганна тIера дуьненан баланех цхьа бала дIаайбинчунна, АллахIа цунна тIера а дIаайбийра бу къематдийнан баланех цхьа бала...» Муслим, 2699. ༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞ #асвад #хьехам #чечня #саг1а #саг1адалар #саг1а #гергарчунна #диканиг #пайда #валар #лулахой #доьзал_ #доьзалехьажар #гергарло #гергар #сутаралла #хьехам #асвад #асвадхареханов #alimanshishani @al.iman_shishani @asvad1976 YouTube ссылка указана в профиле страницы ✅