Самуонан Иэсе HD

12.07.2017
Самуонан Иэсе. 1 Дависа маржа-я1, яха хьо х1ай Нохчийн кхиэтаман, к1оргаллийн назма. Хьоьх хиэдаш лаьтта хьан,т1екхуьучу т1ахьиэнийн, хадийна марзонан г1айг1а. Хьоьца Са къералуш, х1оттийна тобанна, гуллуш яц дустаран кхиоран рузма. Эзарнаш шерашкахь, б1аьвнашкахь ларйинчу ,кхиэтаман 1уьналлийн мазлаг1а. 2 Д1алиста схьаахка схьагулдеш, Дайх дисна беркатиэ и дерзон дарба. Бузийша аша соьца, мах боцу орамаш, толлучу иччархойн мог1а. Хоттийша шайн хьашташ,Нохчалла лардечийн, тобанца дихкина къилба. Довлийша орцаха , 1алащдан, вайн иэсан и иэхьан т1орказан дог1а. 3 Лардейша х1ай К1ентий, шаьш делахь даггара,шайн къоман Сий долуш лоруш. Йа лаахь т1аьхьенаш, йиссарна Иманца ,йахчийна ирсаца декъала яха. Яхь йолуш,иэхь долуш,бехк болуш,оьздалла вовшашца лардина кхобуш. Ларбейша Ненан мотт,дахарах чекхдовлуш, шьайн кхетам айъина дааха. 4 Схьаиэца д1аяздиэ, хьайн Ден Дас гулйина, оьмарехь дашуо и Хазна. И йоьдуш ю хьуна , Дадийца ног етташ ,денна а Барзахиэ лахьтийчу д1а. Жех тилла ког г1ийла, баьхьна цу барзуо и г1орасиз 1ахара санна. Саьхьарчу Дуьненахь, т1аккха вай кхочур дац, лензаллин декъалиэ д1а. 5 Цкъа мацах сатуьссуш, цу деган къайлене, йиллина хьайн ц1ена уойла. Цу шеддех схьайастий, даккхалахь цу чуьра, беркатан нуьре исс Джовхар. Эзарнийн шерашкахь ,вайн Синош дахчуочу ,Туоламан майдант1е довла. Д1ах1оттуо Нохчаша ,Маршонан къийссамехь ,сатуьссу Нийсонан дахар. 6 Хьо цкъа а вер велахь самавала, диэхар ду сан хьоьга Вайнехан К1ант. И дог хьан ца деллехь, ша шена чекхдохуш, стогаллийн Яхь йолу ц1ий. Хьо цкъа а йер елахь самайала, дехар ду сан хьоьга хьомсаран Йиша. Бедакхаш цхьанне а заманчохь лардина, дац шуна Къонахийн Сий. 7 Самуо ю оьшуш ерг, ишттачу кханенна ,г1оттун ерг коьртаниг меже. Тхьовсийна 1уьллучу ,г1енашкахь тилийна ,1иэхочу юрг1анах йоккхуш. Екхаллехь йажийна,есачу б1арлаг1ех, йузийна тилийна Марг1алан з1е. Кхетаман б1ов денъеш,Къонаха оьзда верг,Толамца вайн коьрте воккхуш. 8 Букъ кагбеш Йилбазан, шен к1орнеш мостаг1ий, орамаш баххашца хиэдуо Вайн Нанойн буоберийн,Бусалбан Умматан та1ийна и дегнаш г1иттуо. Вайн Элча дозаллехь, воккхавеш Махьшаран Майданахь, б1аьрг ирсиэ виэлуо. Даймахкахь х1оттийна, бакъонан вайн дахар,Дуьниэнна серлуонца даржуо. Аьрсбин Абу-Бакр.12-02-2014 шо:Чиллана бутт-Балабоссаран бутт. Дошам -Словарь : Рузма /ю/–календарь. Мазлаг1а /бу/–пасека. Иччархо /ву/-- охотник,снайпер. Къилба /ду/– направление. Т1орказ /ду/--сундук. Иэс /ду/--память. Йахчийна –ч1агйина бохучу маь1анехь. Оьмар /ю/-век,жизненное время человека. Хазна /ю/-казна,богатство. Ног етташ—небыстрыми шагами. Лензаллиэ /ю/--бессмертие в вечной жизни. Биэдакхаш /ю/--пустые безразличные,манкурты. Екхалла /ю/ -- обезжирение,упадок сил. Б1арлаг1ех йузийна –призрак. вскормлённый мирешливостью. Тилийна /ау,ю,ду/--Обманом. Марг1ал /ду,ю./-- Ист

Похожие видео