Мату Вахай " Безаман ролик" Автор ролика "AMAR-TV." 2018 год. HD
Ассаламу Алайкум! Мы предлагаем Вам смотреть не большой ролик. Мату, ишта цуьна к1ант Ваха Аллах1а декъал войла и шиъ, вайца геннара схьа дийца х1уманаш а долуш гергалло долуш хилла ву. Дуьненахь ишта цхьа бахьан х1оьттина, 1963 шарахь чу воьллина хан йоккхуш хилла Данилбек. Цу зонехь цуьнца хан токхуш чу воьллина хилла, ишта Урус Мартанера Мату, х1етахь лерачу 1едало за религиозные убеждения аьлла хан тоьхна. Лагерехь Данилбек хаза оьзда чекх ваьлла Матуца цунна оьшучу г1улкхе хьожуж, бехк боцуш хан токхуш хиллачу. Шена тоьхна хан чекх яла герга яханчу хенахь Данилбека аьлла Матуга . Делахь Мату хьан йиссина хан дукха яра, ша хоьл дуккха жима вара, хьокху лагерехь кхера хьаькимаша бакъо лохь, ша токхур яра хьан йиссина хан аьлла. Матус т1е ца лаьцнера иза. Данилбек ша цхьа х1ума т1е дуьллу хьуна, хьо ц1а кхаьччи, парг1атех лакхарчу Ц1е - Ведана г1ой Исрапиле Деле веха алахь ша Эртанахь, Хьаьжи нена Хеди зияратехь. Ишта шена Матус т1е диллина декхар кхочуш деш, ша лагерера парг1ат ваьлла ц1а вог1уш ма воьдда Исрапил волча кхаьчна Данилбек. Ша беана некъ бийцина цо Исрапиле. Дукха ца 1аш т1е г1оьртина мерк1ижа хан йолуш шаьшинна ламазан кечам а бина, ишта ният дина Эртана хьала вахана и шиъ. Хеди зияратехь Аллах1е до1ийца вехна Исрапила Мату, мели ладар б1аьргех вохьа оьхуш вехна цу шиммо. Мохь бетташ йиш етташ, Аллах1а яккхий еза ц1ераш йохуш вехна Исрапила Мату, бехк боцуш набахти чохь хан токхуш волу и тха дика ваша Мату парг1ат ваккхи шен доьзалашна т1е кхача вар доьхуш. Циггахь мерк1ажа ламаз дина, ц1а вахана Данилбек ше кегий доьзалашна т1е. Цул т1аьхьа цхьа ши к1ира хан яллачул т1аьхьа Веданара Данилбек вахана Мартана т1е Матугара хьал дуьцур ша аьлла цера ц1ерачаьрга. Хьей нах аьлла мохь тоьхна Данилбек керта ваьлча, маршалла хоттуш цунна Мату ша доьхьал ваьлла. Вовший мара кхетта, ша лелинарг Матуга дийцина Данилбека. Ишта амнистии юккъе вахана ц1а ваайтина хилла Мату. Делера дикчу болхах дог дилла йиш яц вай, боккху болх бай х1арам аьлла, Матус. Ишта геннара схьа гергалло долуш хилла бу вайца Мату, цуьна к1ант Ваха. Аллах1а шен хаза къин хетам бойла Матух, Данибеках Вахайх.Вахай 1аьнаре дукха ла диг1ина ду вай, боккха эшам бу юьш ца хилар. Эхартахь Маликаша хьестийла шу мерза синош! На этом ролике наша работа не заканчивается. Подписывайтесь на наш популярный канал AMAR-TB. А мы только набираем обороты на пути Къадари Т1арикъата, и сломаем хребет Иблису. Приятного просмотра.