ЗАМА ( Дагмара )-3

01.12.2013
Хьо лепа, маьлхан з1аьнарш санна, Хьо мел ю, малх эшац дуьненна; Ца еза бахьна дац хьо дагна, Хьо суна ца йоьг1нехь, сан ирс дайна. Ца еза бахьна дац хьо дагна, Хьо суна ца йоьг1нехь, сан ирс дайна. Дог1а ду дог1уш, ша дог тедо моьттуш. Амма дац дог1а хьо соьга хоьттуш. Дагмара, хьо цхьаъ ю ойланца хьерчаш, Дагмара, ялац хьо дагчуьра цкъа а! Нагахь г1елделлачу хьан б1аьргех, Со дагна васвелла, хи даьллехь, Тешар ву, 1енаш долу дог1а, Хьан б1аьргех 1ийдалуш хиларх. ​ Дог1ано боху, ша санна, шийла. Хьан б1аьргех оьху хиш тховса хийла. Дагмара, хьо цхьаъ ю ойланца хьерчаш, Дагмара, ялац хьо дагчуьра цкъа а! Хьо лепа, маьлхан з1аьнарш санна, Хьо мел ю, малх эшац дуьненна; Ца еза бахьна дац хьо дагна, Хьо суна ца йоьг1нехь, сан ирс дайна. Дог1а ду дог1уш, ша дог тедо моьттуш. Амма дац дог1а хьо соьга хоьттуш.

Похожие видео

Показать еще