ВАЙН АМАТЕХ А САКХТЕХ А ! HD

13.07.2017
Вайн аматаш а сакхташ а ! 1 Аллах1анна къарвелларг,шайт1ануо лоцур вац Элчанах тасавелларг ,бид1аташ тилуор вац Асхьабаш боьвзинарг,къиношчу вужур вац Къонахийн Сий динарг,Беркатиэх хедар вац. 2 Напханна вехаш верг,Маршонах кхиэтар вац Шен доьзалх тоам берг,Стаг хилла вехар вац Харцонуо вагийнарг,хабарша 1иэхор вац Дахаруо 1овжийнарг,Дуьненуо хьоьстур вац. 3 Йиша-Ваша дайнарг бен,баланах кхиэтар вац Маршонца ваьхнарг бен,ирсанна Да хир вац Т1етовжа доттаг1 бен,бакъ йолу г1ортуор яц Эхартан хаттам бен,вай кхиэро меттиг бац 4 Къаьхьа ца 1оьвшиниэхь,марзалла йоьвзар яц Мацалла ца хьиэгниэхь,сискалах вешар вац Хьогалла ца лайниэхь,хинна дан пусар дац Шен межиэ йайнарг бен,заь1апчух кхиэтар вац. 5 Т1еман къахь лайнарг бен,буохамах кхиэтар вац Г1азуот дукъ лайнарг бен,Шах1идах хьоьгур вац Дай вийна буонна бен,г1ийлалла йоьвзар яц Ваша воцу Ваша бен,туьйжийлах хьоьгур вац. 6 Доттаг1 д1авоьллинарг,дог цхьалха вехар ву Мостаг1ех ч1ир эцнарг,Са парг1ат кхелхар ву Шалхуонца вехаш верг,Эхартах ваьлла ву Шен мостаг1 ца вевзарг,лай хилла лиэлар ву. 7 Делах ца тиэшаш верг,цхьанниэх а тиэшар вац Йа шиэхха тиэша и,меттиг а хилла вац Нахах ца вешаш верг,шиэх вааша меттиг бац Яхь йайна,Эхь дайнарг,Къонах хила амал дац. 8 Шайн хьашташ лорург бен,Адамашна виэзаш вац Цу Маьлхан нуьруо бен,латтанаш хьиэкъуош дац Делан Къинхиэтамца бен,дог1анаш доьлхуш дац Наханна хьо везчий бен,Далла а виэзаш вац. 9 Г1иллакхиэх д1ахаьддарг,Адамаллиэх хедаш ву Гуттара ша бакъ хиэтарг,накъуостиэх волуш ву Ша цхьаъ бен цавезарг,массарах хедаш ву Адамийн дог дуохорг,Делаха д1а волуш ву. 10 Шен ч1аг1уо йуохош верг,вайн Далла виэзаш вац Шен дош ца лоручуо,хьан дош а лорур дац Шен Сий дайъинчунна,хьан Сий да а хуур дац Шен Сий дош дайъинарг,Нохчо хила амал дац. 11 Стаг хилла чиэкхвала,Дуьниэнах атта дац Ша шиэна мах хадуор,х1аранниэ карахь ду Нахаца курал ерг,гергарлуо долуш вац Харцуонаш бух яха,вай Дала кхоьллина ду ! Аьрсбин Абу-Бакр. 18.06.14 шо: (Сайн хьомиэ хилла волчу,тхан шича-махчалахь воккханиг волу,сан ондда г1ортор лаьттина.Стомара д1акхелхинчу Сайд-1алин во1 Хизарна лерина ю, х1ара аса къурд бина байт.Дала Йалсаманийн хьаша войла хьох сан Ваша-Дадар ! )

Похожие видео

Показать еще