Керла шо. Ахьмад Хьамза (АллахIа къинхетам бойла цунах).

31.12.2020
Цхьа болчу наха олу: «Керла шо тIе догIуш даз до оха иза», ас боху хьоьга «Керла шо тIе догIуш велха хьо. хIунда аьлча, Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах аьлла: "ХIай Адаман кIант! Бакъдолуш, хьо денош ду, хIора де дIа моссуз долу, хьоьх цхьа дакъа дIадолуш ду хьуна". Керла шо тIедеана бохург, хьан оьмарх цхьа шо дIадаьлла бохург ма ду. Ша воцург бакъонца Шена Iибадат дан кхин Дела воцучу АллахIах дуй ма буу ас! Хьекъал долушверг керла шо тIедеача воьлхур ма ву, дIадаханчу шеран ойла еш, тIедогIучу шарахь хIун дийра ду-те ас бохуш». Шайх Iусман ал-Хамийс

Похожие видео