Хьехам Шолг1а Зуда Ялор HD
Зударийн эмгаралла Ибн Хьажар ал-Iаскъала́нис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «ТIабарис а, и воцуш кхиболу Iеламнаха а аьлла: «Зударшкара южуш йолу эмгаралла (ревность) магийна ю, и бахьанехь царна Iазап а хир дац, хlунда аьлча иштта (Дала) кхоьллина бу уьш (и эмгаралла йолуш), цундела Iа́ишат а ца къахкийра Пайхамара цунах (эмгараллах)»». (Фатхьул-Ба́рий, агIо: 8/531) ༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞༞ Зудчуьнгахь йолу сийсаза эмгаралла - стаг араваьлла, чувеъча, мелйолу зуда цунна тlаьхьаяьлла моттар... Шегара и дlаяккхарна тlехь къахега деза, доlа дарца а, Далла тlе болх билларца а. #зударийн #эмгаралла #хьехам Зударийн эмгаралла чIогIа ю, цундела царна ца беза и болх (масех зуда ялор), делахь а, иманехь ерг, шен амал охьа а таIайой, муьтIахь хуьлу. Ткъа вайн заманахь мел иман долчунна а хала ду и болх тIелаца, хIунда аьлча божарех -дукхахболучара чIогIа ледара гойту шаьш, цхьаннал сов зуда ялийча. ШолгIаниг дуьххьарниг санна хоржий а ца ялайо я цуьнца дукха ваха ният долуш а ца ялайо, масех бутт боккхий, дIайохуьйту, амалш цхьаьна ца йогIура шайн олий. Моьттур ду, хьалхарчу зудчуьнца амалш цхьаьнайогIуш вай Iаш ду, дера дац-кх данне а-м, делахь а, цхьадерг тардолуьйтуш, ца кхетахь, кхета а еш, эшахь, човха а еш, дахар дIахьо вай, амма шолгIаниг йита бахьана лоьху, хIунда аьлча и ялочу хенахь шена моьттуш хилла долчу туьйранан кхин агIо а гучуйолу цунна, хьалхарчуьнца санна дов-шов а хуьлу, хьалхарнаг санна кхаба а еза,цунна санна харжъян а еза, тIаккха дукхахберш сиха буху, юьхьенца дуьйна шаьш цу балхана кийча ца хиларе терра. Дуьххьара, шолгIаниг ша ялийча хьалхарчунна зулам до цо, юха шиъ кхаба шен де доций шена билгалдаьлча, шолгIачунна а зулам до цо. Ткъа цу «къонахаша» и белхаш лелорах терра, зударий гуттар а цу белхана доьхьалбовлу. Доцца аьлча, зударшна цхьаьннал а сов зуда ялор ца дезарехь божарийн бехк а бу, царна иштта осала масалш гойтуш болу. Иштта галдоьвлла масалш дицдеш, хаза масалш гойтуш, шаьш балийча, зударий нийсо еш а кхобуш, Исламехь болчу цу хазачу белхан массо дика агIонаш шайн амалшца гойтуш къонахий беза-кх вайна. Ахьмад Абу Яхья #alimanshishani