Бекалахь Нохчийн мотт!!! Нохчийчоь сан сирла седа ✨❤️✨ HD
Яндарбиев Зеламха. Нохчийчоь - сан сирла седа Яндарбиев Зеламха Нохчийчоь Байчу мохо ийдеш т1ома, Хьоьстуш малхо, беттасино, Кхуьуш зезаг суна гина, Нохчийчоь, хьан арахь, ломахь. Гена махкахь лелаш хиларх, Сан даг чохь и даим хилла: Сагатделча - хьоьжуш г1ийла, Деладелла - векхна хилча. Шарал дахлуш доца денош, Дагах летарх шийла шело, Цо ницкъ лора ларбан тешам, Нохчийчоь, сан деган безам. Хан т1екхаьчча - къаста дезаш, Чакхе декъал еш сайн некъан, Ган лаьар-кха и хьан зезаг, Нохчийчоь, сан сирла седа...