Мясо вижу за 8 лет тюрмы(см.описание)

16.05.2020
Набахтий чохьбохкачу вай вежарех цхьаъ ву х1ар къамел дийриг. Германер вай цхьан вашас вайгхул 1акъикъат дайтан жижиг дахьитач, цун доьхьал даитан жопп ду х1ар. *Муха 1аш ду шу? Муха ду шун хьал?*, аьлла шайг вай хаттар дича, массара лушдерг цхьатерра жопп хуьлаш ду - *"Алхьамдулиллах1, Аллах1ан бу хастам, дика 1аш ду тхо".* Юг1-юг1а ладог1ийш цу вай вашас дечу къамеле. Х1ар дукх цера дика 1ер. Валлах1и, цу 1азапах, цу халонах чекхвала собур хир ма дацар Сийлахьчу Аллах1а ца делча. Набахтий чохь хантокхаш болу вай вежаршка а, вай йижаршка а, вай массера ц1арах цхьа дехар докх оха - *ШЕШ ОХА ДИЦДАРНА А, ШАЙ ОХА ТЕРГО ЦА ЙАРНА А, ШАЙНА ТХО ХЬАЛХЕ ОРЦАХ ЦА ДОВЛАРНА А, ШАЙ АЛЛАХ1 ДОЬХЬА ТХУНА ДАГГАРА КЪИНТ1ЕРА ДОВЛА!!!*

Похожие видео

Показать еще