Валид ГАДАЕВ - ДIагIохьа, хьайн Делан дуьхьа...
ДIагIохьа, хьайн Делан дуьхьа, ДIагIо, сан си тIехь ца лаьтташ. Сан хIума дац хьан юьхь ян -- Хьан Iуьйре тIам хецна гIаттал. ДIагIохьа. Хала ду хета, Доллучух кхиъначу хенахь. Хала ду хьо герга хета, Хуъушехь хьо юйла генахь. ДIагIохьа. Хала ю буьйса, -- ГIенах а гIене сатийса. ДIагIохьа, дуьхьал ца туьйсуш, Хьуо самах йоллучохь йиса. Хьуна а, сайна а метта Самахдерг соь лалур деца. Дуьненах диэ хьайна хеттарг -- Сан гIенийн гIенаш дIахеца. Леча АБДУЛАЕВ, 2003 шо
Похожие видео
Показать еще