Валид ГАДАЕВ - Дог Iехадо хазахетаро...

13.11.2011
Дог Iехадо хазахетаро, ТIаьхьало йоцуш дуй хаарх. Ларамза вай вовшахкхетар а Цхьаъ дара -- вай къаста бахьна. Хаза гIан гIенах а дезало, Хьо сацо лаьара лаа-м. Амма гIан цкъа хада дезарна, Йитира, боцуш дегабаам. ТIехтилла хьо хазахетар, Масане тили цул тIаьхьа. Хьо ас а йицйира хIеттахь, Вицвина хир вара ахь а. Ткъа тахна ца йолу тIаьхьара, Дуьхьал ван сан некъ ца хилча... Дуьнен тIехь хьо йоций хааро Хьо йицъян ца вуьту хIинца. Леча АБДУЛАЕВ, 2001 шо

Похожие видео

Показать еще