Турпал ДЖАБРАИЛОВ - Селхана Дара И

27.07.2016
КЪАЙЛЕ БIешерийн анайистехь, йоза кхолладелча дуьйна схьа, яздаза хIума дисна а дац -- цхьа Шекспир а тоьар вара. Амма хIора а яздечунна шенна вага дош а деха. Ас тIамах ца яздина, Iаламах я кхолламах а. Со дерригчу дахарехь цхьа къайле йовза гIиртина -- хьох къаьстина дIайоьдучу (юха кхана а гур йолчу) зудчун хьажаран къайле. Уьш дукха а хилла чIогIа (тIаьххьара долу хьежарш), суна цхьаъ долуш санна хета (кхуьнан, вукхуьнан аьлла доцуш) -- къайле ю-кх церан цхьаъ, юкъара ю гIайгIа а, хьох къаьсташ тIаьххьара схьахьаьжначу бIаьргийн. Муса БЕКСУЛТАНОВ, 08.1998 шо СЕЛХАНА ДАРА И Селхана дара и сийна коч йоьхна, Кхечуьнца къамеле яьлла хьан латтар, Цlеххьана хьо гина висира воьхна, Дара хьоь тlаьххьара деккъа цхьа хаттар. Кlеззигчу ханна со геналле ваьлча, Хийцалуш хилча хьан соь болу безам, Ахь стенна бохура: «Эзар шо даьлча, Даима хир бу хьоь даггара тешам!»? Со хилла ца евзаш, хьоьх lехавелла, Амма хьан ирс хила луур ду суна. Къайлаха вайшиннан юккъехь мел лелларш, Даима сан кийрахь дуьсур ду хьуна. Со воьду меллаша урамаш хедош, Гучу а ца волуш цкъа езначунна. Марха а йоьдуш ю тlадамаш эгош, Со шелвеш, баркалла боху ас цунна...

Похожие видео