Жайнаш | Хабаев Исмаил HD
ЖАЙНАШ Оцу хьайн къоман вуон х1уманаш ма ч1ог1а гойту ахь оцу хьайн йозанашкахь, и дан х1ун ду аьлла, шега хаьттича, и - суна сайн къам дукхадезар ду-кх, аьллера боху цхьана яздархочо. Нанас хастийна йо1 нахала а ца яьлла, дас хастийна дин хьалха а ца баьлла, олуш ду. Шен ледарлонаш хьахош хила а деза къам, яханчу хенашкахь шегахь дийлинарш г1алаташ хиллийла а хиина, кхин юха уьш ца дийлийта цунах хьехар а хуьлуш. И хьехар хуьлуш доцчу къоман сатийсам эрна бу. Хьекъал долчу стага уггар хьалха шегахь лоху хиллачунна бехк. Вайн къоман мостаг1ий дукха хилла даим. Тахана а бан а бу. Х1инца а ден букъахь, ненан кийрахь а боцуш, дуьненчу бахка безаш а бу. Гуш волу мостаг1а-м хала а вац, оцу гуш воцчу мостаг1чо к1елонна боьг1начу гурах ларвала хала хуьлу, синсамо ца хилча. Ткъа и синсамо хьекъална г1ийла хилча, ца дешча хуьлуш яц. Хьуна а, хьан чкъурах болчу нахана а, аш шен дуьхьа синош д1а а луш, оццул и Испани еза хетар х1ун дара те, аьлла, шега журналиста хаттар дича, де Голльин накъост волуш, фашисташна дуьхьала Мадридехь турпала чекхваьлла волчу французийн яздархочо Андре Мальрос доцца жоп дела цунна: «И дера ду - Дон Кихот кхоьллинарг испанхо хилар», аьлла. Кхидолчу къаьмнашна «яздархо» бохург, "хьекъалча" бохург мел деза ду, мел сийлахь ду гойту оцу масало, и яздархо шайн къоман а воцуш, кхечу къоман велахь а. Цхьанна дагадан тарло, вай цаьрца х1унда дусту, уьш даккхий къаьмнаш ма ду, аьлла. Шаьш муьлш ду а хууш, нах муьлш бу а хууш, ойла а, кхетам а лаккхара болу муьлхха а къам ду доккха, цхьа юрт йиллал бен и дацахь а. И санна долчу къаьмнех хилла а ду и «даккхий къаьмнаш». Дешарца а, ешарца а долу гергарло ч1ог1а г1ийла ду вайн къоман, къаьсттина кегийрахойн. Таханенан а, кханенан а лазам и бу. Шен мотт а, нехан мотт а, шен къоман бартакхолларалла а, литература а, б1ешерашкахула, кху дийне кхаччалц шен къомо бина некъ а бевзаш, дуьненан истори а евзаш, шен Дела а, дин а девзаш хила веза къонах. Х1уманна хьесап дан хууш, х1уманна сакхуьуш, мостаг1ийн к1елонашна т1екхуьуш хир ву и т1аккха. Т1аккха иза, шех пайда а оьцуш, шен 1алашонаш кхочушъян, цхьаммо а шена хьалхара вала а, вохка а, ц1арга кхосса а вуьгур вац цкъа а, тахана 1еха а беш, нохчийн кегийрахой ма-биггара. Хьекъал долчо 1овдалчуьнан куьйгашца лаьхьа лоцу, баьхна. Эццехь ю и к1ело. Цунах ца кхетар - боьхна болх бу. Хьекъална эшна а хилла, ша нахана атта а, ворах а хетийтина, шех нахе пайда эцийтар - эхь ду къонахчунна. Лазамна дуьйцуш ду кхузахь мел дуьйцург, дийцар декхар а долу дела, хьан къоман кхане хьох йоьзна а йолу дела, хьан лазам - вайн юкъара лазам а болу дела, миччахь хилча а, хьо х1окху къоман юьхь йолу дела, хьоьгара даьлларг массаьрга а кхочу дела, вайн къомах волу хьо цхьана муьлш бу а цахуучу наха левича 1овжаме долу дела. Юха оцу наха, хьо яхье воккхуш, карзах воккхуш, хьуо майра лом ду аьлча, хьан са а къералуш, хьо хьуо хьайх воккха а вуьйш. Майра делахь а, лоьмехь синсамо хуьлу. Я цкъа а цхьогало 1еха а ца до лом. Цундела ду и лом. Цхьогалшна т1аьхьа а х1уьт