Хабаев Исмаил | Сан къоман иэс HD
САЙН КЪОМАН ИЭС ДЕХА СОЬЦА... Соьца веха гIийлачу нехан дог эшош, Теркаца хьала-охьа ваьхна волу элашна ца гIуьтту эла Мусост шен олаллах вохийна волу Адин Сурхо. Соьца беха «дуьзна куьйра санна, набарна теIаш, аганан гIожа тIехь пхьаьрсан дуол туьйсуш айса хьуна баийна и хьена кIайн кхача экханан цIий санна, хьарам би ас хьуна, ахь хьуо ледара гайтахь» бохуш, кIентий мохк ларбан новкъабаьхна болу наной. Соьца веха Ушурма, мостагIа ца везаш, зу тIера баI санна шен дегIа тIера чо гIиттина волу. Соьца веха Дадин-Юрт йоккхучу дийнахь Iаьмаран Заза шена тIееъча, «хьешана диначу дуьхьаларчу оти чохь, баьрччехь шу а долуш, духхехь тхо а долуш, оцу хьайн цкъоцкъамийн багара буора ши бIаьрг ас сайга хьажабе аьлча, кхоьлина буьсур бу моьттура хьуна! Тахана хуур ду вайна кIант майра мила ву» бохуш, тур баттара а даьккхина хьийзина волу БахIадаран Муьстарг. Соьца веха Майртуьпара Оччар-Хьаьжа, I825-чу шеран июль беттан I6-чу дийнахь Герзель-Эвлахь къаной а гулбина, церан юьхь йохуш, осал къамелаш деш волчу инарла Грековс тIе а веана шен маж лаьцча, бос баьхьна, дукха оьгIазвахана, хьалаяьккхина шаьлта тоьхна ша волччохь и Греков а вожош, Лисаневич бохуш волчу инарлина а чов йина волу. Оцу 3I8 воккхачу стагах цхьаъ дийна ара а ца велира Герзель-Эвлара. Уьш берриш байъира. Соьца веха ЦIонтаройн ШоIип-Молла, хIокху махкахь хIора стага шен сий шен туьрца лардо баьхна волу. Соьца веха шен доллучу дахарца даккхийчу хьуьнаршна хьаштдерг дегI доцийла, са дуйла гайтина волу Бенойн БойсагIар. Соьца веха шен машарах Iийдало куьйгаш чилхьесан гIоьмашца а дихкина, когех буржалш тоьхна ша лаьцна вуьгуш, «Хьан дуьхьа воьлхий ша-ма…» бохуш, Нохчийчу вухахьежна волу Кишин воI. Соьца веха ГIубха, шена ирхъолла кхел кхайкхочу кхелахочо: "ХьалагIаттал хьо! Ахь пачхьалкхана ши эзар соьмана зенаш дина. И зие такха хьан ницкъ кхачахь тховса кху кхелах хьалхаволу хьо" аьлла, шега тIаьххьара дош делча, курра хьала а гIаьттина: "И зие такха сайн ницкъ кхочур бу аьлла хета суна, шеко а йоцуш, амма, со кхоьллинчу Делора, тховсалерчу хIокху кхелах хьалхавала Iуьрг даьлла Iаьржа ши шай лур ма дацара ас шуна!" аьлла, охьахиина волу. Соьца веха Эвтархойн Ахьмад Таркхойн Шовхала Нохчийчуьра, цIе йолу, бу-боху кIентий ша волчу хьошалгIа а бехна, Iуьйранна дуьраниг, делкъана мерзаниг, суьйранна чаьмзаниг буьллуш, кхузза царна хьалха кхача а биллийтина, хIорраза а тоъъал дуучух кхетта нохчий бухабевлча, "хIара ма тамашийна хIума ду, дуьра а, чаьмза а, мерза а цхьатерра ма йиъи аш" аьлла, Шовхала аьлча: - Тхо хьан шуьнехь чемаш хержа даьхкина дац. Нехан хьаьвди тIехь дин а берстар бац, нехан шуьнехь къонах а верстар вац, " аьлла волу. Соьца веха, аренашка дохк доьлча аренаш идош, даккъашка дохк доьлча даккъаш цоьстуш, малхбалера малхбузе кхаччалц ша волавелча, дегI дижжол меттиг тешаме а йоцуш, шен дашах ши дош ца дан дакъазваьлла лелаш ву ша, хIора нохчи вийначух чIир эцаза а Iийр вац ша бохуш, тоьпах ваша а вина, нийсо лоьхуш лелла волу Харачойн Зеламха.
Похожие видео
Показать еще