МАРШО ! HD

12.11.2018
МАРШО ! 1 Вайн Сица йоьзна ю Маршо. Массарна оьшуш ю Маршо. Марзонаш хьекъорг ю Маршо. Марша хьо вог1ийла хьаша. 2 Вайн Дино йоьхург ю Маршо. Махканна езнарг ю Маршо. Лаьттанна оьшург ю Маршо. Марша хьо г1ойла сан хьаша. 3 Къонахаш латторг ю Маршо. Мостаг1чо къуьйсург ю Маршо. Са парг1ат доккхург ю Маршо. Марша хьо вог1ийла Ваша. 4 Вайн къоман бохь бу и Маршо. Стаг ву вац юстург ю Маршо. Синош шех д1алург ю Маршо. Марша хьо йог1ийла Йиша. 5 Вайн Маршо ларйарехь кхелхаш Уггар вай тоьлла бу К1ентий. До1анашкахь и Делие йоьхаш. Вайн Къаной вайн Наной беций. 6 Махканна б1аьсте ю Маршо. Дахаран т1ум ю вайн Маршо. Оьздаллийн ц1ий ду и Маршо. Нийсонан терза ду Маршо. 7 Дала вай кхоьллина Маьрша. Кхоьхуьйтуш вовшашна Маршо. Ц1андала оьшург ю Маршо. Марша хьо йог1ийла Маршо. 8 Делера совг1ат ду Маршо. Вайн дахаран г1ап ю и Маршо. Дархочун йоьху вай Маршо. Нохчийн къам хьо 1ойла Маьрша ! Аьрсбин Абу-Бакр 21.04.18 шо :

Похожие видео

Показать еще