Нохчийн меттан де!

09.07.2016
Ассаламу Iалайкум! Даггара декъалдо шу нохчийн меттан денца! ХIара де Нохчийчоьнан дерриге а халкъан Дезде хилла дIахIоьттина. Иза даздо ерриге а гIаланашкахь, шахьаршкахь, кIошташкахь. ХIокху дийнахь адамаша къоман духарш тIедуху, ненан маттахь иллеш олу, эшарш лоькху, байташ йоьшу. Со воккхаве, сан самукъадолу оцу суьрте хьоьжуш. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас тIедехкинчу уггаре а коьртачу декхарех ду нохчийн мотт Iалашбар а, кхиор а. Тахана Iедало дерриге а хьелаш кхоьллина ненан мотт масанхьа а бийцийта, Iамабайта, марзбайта. Ненан маттахь арадолуш газеташ, журналаш, книгаш ю вайн. Къаьсттина тидам тIебохуьйту къоман театр, эстрада кхиорна, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь ненан мотт бийцийтарна а. Шен ненан мотт бицбича, дIатесча хIаллакьхуьлуш ду муьлхха а халкъ. Вайн сийлахь декхар ду ненан маттаца экаме юкъаметтиг хилийтар, иза тIекхуьучу тIаьхьенашна Iалашбар. ХIунда аьлча ненан мотт вайн гIиллакхийн, оьздангаллин, эхь-бехкан, дайн Iадатийн бух бу. Мотт дIабаьлча дIайовлуш ю и еза мехаллаш.Даима а бехийла вайн халкъ дийна хиларан, ницкъах, доьналлех дуьзна хиларан коьрта билгало хилла лаьтташ болу нохчийн мотт! Произведение «Нохчийн меттан де» созданное автором по имени Рамзан Кадыров. Чечня - Грозный., публикуется на условиях лицензии Creative Commons «Attribution» («Атрибуция») 4.0 Всемирная. Основано на произведении с http://www.youtube.com/channel/UCGiqHXVEhRyPfK4GsNrJruA Разрешения, выходящие за рамки данной лицензии, могут быть доступны на странице http://www.youtube.com/channel/UCGiqHXVEhRyPfK4GsNrJruA http://creativecommons.org/licenses/by/4.0/

Похожие видео

Хабаев Исмаил. .Нохчийн кьоман х1усам , кхечу кьаьмнашна хьуьжар хилла , шен доьзал кхиорехь . Дуккха а масаллаш ду , вайн гонахьара кьаьмнаш шайн доьзалхо , вайн кьоман доьзал юкьахь кхиавайтар . Г1иллакх , бохучу дешан маь1на доккха ду . Ойлияашкара схьа ду , аьлла кхаьчна вайна ; шеца г1илкх долу стаг , жоьжаг1атехь шен гичи бен тешар вацара ша , аьлла . Кхин а хезна вайна ; Нохчийн кьоман г1иллакхана а , бусулба динна а юкьахь , юучунна тосу туьханалла бен башхалла яц , аьлла . Шайна халонаш мел т1ех1иттарх , г1иллакхах ца духуш , схьа деана вайн кьам . Жимачо , воккхачуьнца лело дезарг , хьешадеца лело дезарг , борша наха а зударша а лело дезарг , даккха а , дукха уьш дица . Доккха дакьа лаьцна вайн кьоман юкьахь , доттаг1алла , бохучу дешан маь1но . Цуьнах лаьцна , дукха дийцараш , иллеш а кхаьчна вайна . Шен доьзалхочул башха ца хеташ , лелла вайн кьоман юкьахь , эца дешнан маь1на .
27.10.2017
09:34

одноклассники