НОХЧО ВАЦ !

08.10.2017
Нохчо вац ! Мила ву сох кхетарг,йа кхета г1ертарг ? Ц1еначу ойланца соьца дог доькъург ! Оьзда вайн г1иллакхаш хьоьшуш ца лалург. Дин доцуш лелаш верг,нисва сатуьссург ? 2 Нохчо вац шен дагна,дег1анна там лоьхург. Нохчо вац Даймехкан бала ца боькъург. Нохчо вац шен къоман г1аролехь воцург. Нохчо вац коьмаьрша дог ц1ена воцург ! 3 Нохчо вац шен халкъан Нах а ца лорург. Нохчо вац Нахаца шалхонца вехарг. Иштта г1о оьшачохь царна букъ тухург. Нохчо вац са к1езгалл шеца мел ерг ! 4 Нохчо вац шен зуда,доьзал д1ахецнарг. Дала т1едехкина декхарш д1атеснарг. Нохчо вац ша шена реза а хилла. Сонтачу уойланца Нахах ца вешарг ! 5 Сан дагчохь боккхачех лазам бу дебаш. Дахаран вайн къилба бухт1ера далар. И лазам болучийн Кхеташуо йоцаш. 1алашуо вайн дарба лоьхуш ца хилар ! 6 Эзарнийн шерашкахь гулйина Хазна. Нохчаллийн и Оьзда сибат довш лаьтта. Вала Да воцуш ша 1инах ю йоьдуш. Самуо йа ,ойла йа, кхетам вай боцуш... Аьрсбин Абу-Бакр. 30.07.05 шо:

Похожие видео