Хабаев Исмаил

10.09.2012
Оцу суьрта т1ехь воьжна 1уьллучу Харачойн Зеламхин къамел - вистхилар доцуш Воьжначу денца суо декъала виначех Нийсонан низамца ч1ир эца ца кхуьуш, Астаг1чу цициган некъ а ца хадабеш, Сайн некъахь харцахьа тоьхначу ленийн лар йитина, Сайна бен, нахана ца девза, некъаш а дитина, Доьзалца 1а-мерза 1одика ян а ца кхуьуш, Сел шийла дуьненах къаьстина волчу сан цхьамма Гонаха ял йоцу ялхой а х1иттийна, Даьккхина х1ара сурт дуйла ца хууш, Х1инца а, харцахьа тоьхначу ленашца некъ беш, Цхьанхьа со идийна са-ц1ена дин хир бу со лоьхуш. Хир бу и б1аьргашна б1арзбелла, Хир бу и лергашна къорбоьлла, Кхесана къежбелле хир бу и, миска... Цу дийнахь, оцу сан кхолламан денойх Уггар а доцaчу дийнахь, Кхин цкъа а дист маттах попан г1а ца даа, Кхин цкъа а акхаройн дагара ца хаа, Хьогалла бецан тхи ца мийла, Пепнашца пхьохана ца вийла, Сацаран хьаьрк хилла, сан Еса дацдинчу д1аьндарге Ала а ца кхуьуш, алаза дисинарг ду сан: "Хьо марша йог1ийла, д1аьндарг, со хьуна ца вевза... "Зеламха" боху ц1е санна, сайxа дуьсучу Дуьнено шекх-чекх са гайтина Зеламха ву со! Г1айг1ано "г1айг1ане ма хилахь", бохуш Сайн г1айг1а тейина Зеламха ву со! Со ву и Зеламха, 1ожаллин куьг лаьцна, Когбаккха 1емаш схьадеанчу сайн къоман Маршонан де даздан кху лаьтта веана хилла... Д1аьндарг, хьо марша йог1ийла, массарна хьо евза, Ткъа хьуна цхьа а ца воьвза. Шийтта борз гобина сайна д1ах1оьттича, Царех уьш цхьайтта ас йийча, Шийттолг1а уьг1ича, юьстах а яьлла, "Ма тера хили-кх хьан кхоллам сан кхолламах" аьлла, Цу барзах къахетта вилхина Зеламха ву со! Массарна цхьатерра хьоьжучу маьлхана к1елахь Сайн кхерчан да хилар д1атесна, ас нийсо лоьхуш, 1ожаллал нийса кхин нийсо ца караий-кх суна. Цундела, д1аьндарг, хьо марша йог1ийла тховса. Бехк бац сан хьох баккха.. Сан хьоьца нийсо яц къовса.

Похожие видео

Хабаев Исмаил. .Нохчийн кьоман х1усам , кхечу кьаьмнашна хьуьжар хилла , шен доьзал кхиорехь . Дуккха а масаллаш ду , вайн гонахьара кьаьмнаш шайн доьзалхо , вайн кьоман доьзал юкьахь кхиавайтар . Г1иллакх , бохучу дешан маь1на доккха ду . Ойлияашкара схьа ду , аьлла кхаьчна вайна ; шеца г1илкх долу стаг , жоьжаг1атехь шен гичи бен тешар вацара ша , аьлла . Кхин а хезна вайна ; Нохчийн кьоман г1иллакхана а , бусулба динна а юкьахь , юучунна тосу туьханалла бен башхалла яц , аьлла . Шайна халонаш мел т1ех1иттарх , г1иллакхах ца духуш , схьа деана вайн кьам . Жимачо , воккхачуьнца лело дезарг , хьешадеца лело дезарг , борша наха а зударша а лело дезарг , даккха а , дукха уьш дица . Доккха дакьа лаьцна вайн кьоман юкьахь , доттаг1алла , бохучу дешан маь1но . Цуьнах лаьцна , дукха дийцараш , иллеш а кхаьчна вайна . Шен доьзалхочул башха ца хеташ , лелла вайн кьоман юкьахь , эца дешнан маь1на .
27.10.2017
09:34

одноклассники