Цхьа а тайпа пафос йоцуш аьлча - Апти Бисултанов
¤Цхьа а тайпа пафос йоцуш аьлча¤ сан мостагIийн яххьаш яцара даима а цхьа юьхь яра церан хиллачеран болуш болучеран массеран а цхьа юьхь ма ю церан Дала нийсо хьарам йина болчу массеран а церан суьрташ дахарх цхьаъ бен цкъа а сурт а дер дац церан уьш бахьанехь хаьа суна харцо даима а цхьа штамп йолуш юйла сан вежарий маржа яI шун яххьаш хIора шен-шен нуьрах яьгна яхьаш ас доIанехь шу боьхучу хенахь шун цIераш а йицло суна наггахь шун шераш а дицло суна наггахь амма хIора вевза сибатах шу бахьанехь хаьа суна нийсо даима а шиен юьхь йолуш юйла Бийсолтан Апти 2014 шо ***