Сан даг чохь зезагах гlоттур ду хьан хазахетар.. HD
Яндарбиев Зеламха Сан даг чохь зезагах г1оттур ду хьан хазахетар, Т1улг хилла, дужур ду муьлхха а хьан халахетар... Делахь а стиглара баьккхина седа ахь бехахь, Бехк суна ма билла, лур дац ас хьуна и дехар.. Сайн ойла, синхаам ца х1уттуш хьоьга д1абийца, Йочане, йоькхане денош вайн хийла д1аидда. Ткъа царех тахана сан дагна буха х1ун дисна? Сингаттам, сатийсам, дагалецамаш а шийла.. Амма ца волу со тахана я уьш а лера, Синтемах хийца а ца г1ерта лазам а церан. Сан даго кхин лоьху -- хьан хазахетаран серло, И цунна оьшуш ю, малх санна, зезагаш дело.. Хьан елакъажаро луш дегайовхо, со веха, Ву-те со ирсениг я кхардам кхаьчнарг ву нехан?... Сан дагчохь зезагах г1оттур ду хьан хазахетар, Т1улг хилла, дужур ду муьлхха а хьан халахетар... Мукъам хьан баьккхина ца хаа.. я илли д1аолург мила ю а ца хаа... схьаэцна #Moon Liight