Хьан куьгийн берчаш - Апти Бисултанов
¤Хьан куьгийн берчаш¤ охунех тера ю хьан куьйгийн берчаш хаддаза къахьоьгучуьра цхьана мIаьргонна уьш севцича хьан куьйгаш тIехь ялта дер дара-кх Нана суна гина ахь кана эцна долу бIаьстенан доь хIу хьан куьйгийн хершнашкахь худалуш бIаьрхишца дашош доIанашца дакъош лелорна хир ду-кха хьан куьйгаш ишта со кхоьру Нана хьан куьйгаш тIехь Iожаллин ялта даларна Бийсолтан Дуин Апти