ВАЙН МЕТТАН ХАЗНА ! HD

13.07.2017
ВАЙН МЕТТАН ХАЗНА ! 1 Хьайн баххаш дицдина ,ахьа стенна буьйцу. Хьайн Ден Да вийначу ,мостаг1ийн мотт ? Хьайн орам бицбина ,ахьа стенна хуьйцу. Хьо винчу хьайн Ненан ,вайн дашон мотт ? 2 Хьан къоман Синан мотт,1ама ца бойтуш. Турпалчу Дайн иэсах , д1ахедош ву хьо. Оьзда хьан сирла къам, акха ду бохуш. 1ехийна тилорчохь, д1ацоьстуш ву хьо. 3 Схьахьажий юхаверза, лераман Ваша. Мел ч1ог1а ахь лехарх , карор яц хьуна. Вайн меттан кхетамал, мерзаниг Йиша. Массо а эшамна и, дарба ду хьуна. 4 Цу чохь ю к1оргенан, эзарнаш оьмарш. Берриге хиламан, дог хьоьсту барам. Говза шад бастаран, хьекъалан дустарш. Адамаллийн лакхенан,г1иллакхан ларам. 5 Массо а Аллах1ан , бехкамаш лоьруш. Нисдарца кхелина ,Г1иллакх ду мерза. Дерриге дахаран ,Суннаташ доьвзуш. Хьан Дайша лардина,кху 1адате верза. 6 Кху чохь карор хьуна, Вошаллехь Йиша. Уггаре лаккхара, Оьздаллийн ларам. Эхь-бехке амалшца, дог ц1ена Ваша. Комаьршо йиллина, дихкина хьарам. 7 Г1о-орца оьшучахь, самонехь К1ентий. Халонан доккхалле, ца хьаьжна кийча. Г1елонна шелвелчахь, дог довха Йижарий. Чот йоцу Джовх1арш ду,хьан къоман дийца. 8 Кху чохь ду Элчанна, г1иллакхан стоьмаш. Тергамехь волчунна, къеггина гарца. Кху матто кхиош ду, Са майра лоьмаш. Яхь йолуш Иманехь,Бакъонан з1еца. 9 Кху чохь бу вайн Толам,Дуьненан Маршо. Вайн ирсан болат Барт,денбарехь молха. Т1аьхьенна беш т1алам,некъ боккху ч1аг1о. Эхартахь Кхана вай,доьвр долуш хьалха. (Дала мукълахь !) ********* Аьрсбин Абу-Бакр 03.07.17 шо :

Похожие видео

Показать еще