НОХЧИЙН ИЭС (память) ! Аьрсбин Абу-Бакр
НОХЧИЙН ИЭС ! 1 Дерриге вайн къоман дахар ша чулаьцна. Массо а вайн Къонахийн Толамех дуьзна. Массо а Баккхичийн хьекъало гулдина. Ма йоккха Хазна ю хьо, х1ай шира Нохчийн иэс. 2 Нохь-Элчан (1.С.)кемант1ера Кавказе доьссина. Мессопатамера, Х1уррера, Уррера. Шемаран аренаш г1аланех кечйина. Идалан хиш хиедош лакхехьа ноьврера. 3 Вайн Нанойн марзонаш к1ажарехь юьйцина. Мехкарийн къайленаш жовх1аршца кхелина. Вайн К1ентийн хьуьнаршца иллешкахь дахийна. Ма боккха некъ бу хьан, х1ай деха Нохчийн иэс. 4 1амалца 1адаташ дахаре дерзийна. Юьхь-к1оман г1иллакхаш куц доккхуш кечдина. Ша лардеш г1ароле Майралла х1оттийна. Ма сирла кхерч бу хьо, х1ай хаза Нохчийн иэс . 5 Х1ора хьайн х1усамца хьешан ц1а латтийна. Боьв-бохуш Кегийрхой белхешца бохбина. Маршонан б1оьвнашца парг1ато ларйина. Ма йовха 1аь ю хьан, х1ай Маьрша Нохчийн иэс. 6 Ворхь Дега кхочуш хьайн доьзалаш хиттина. Вешин а герган а, гергарлуо цхьаъ дина. Цу баккхийн доьзалшца ницкъ кхобуш дукъ лайна. Ма мехалан Юьхь ю хьан ,х1ай мерза Нохчийн иэс. 7 Мостаг1ийн дукхаллаш ,къолалла кегдина. Олаллин кураллаш сийсазъеш иэгийна. 1азапхойн хаьлжагаш когашк1ел хьерчийна. Доккхачу Доналлех лар ю хьан Нохчийн иэс. 8 Къонахийн Сийлалла дуьненца юьстина. Ко1анийн к1езгалла емалъеш иэккхийна. Синошкахь есалла лайн амал къастийна. Ма йоккха Яхь йолуш туш ду хьан Нохчийн иэс . 9 Жайлешна т1етовжа ,Оьздан бух биллина. Массо харц 1илманчаш буохорехь баьстина. Берриг бакъ 1илманчаша ларамца хиэстийна. Ма ц1ена лардина хьо, х1ай лиепа Нохчийн иэс. 10 Хьан ц1ена бух-орам, дозалла ца лайна Хьо дуохош х1у дайъа т1емаш ца совцийна. Эзарчу шерашкахь талуорхойн импереш. Доккхачу Доьналло, лардина хьо Нохчийн иэс. 11 Массо шаьш цхьаъ долуш паччахьийн амалца. Шайх тардеш нисдинчу довхачу 1адатца. Уггаре хазачу Элчанийн (1.с.)г1иллакхца. Мел хаза юьхь ю хьан, х1ай Нохчийн иэс. Аьрсбин Абу-Бакр 20.07.18 шо : *** Дуошам ю-словарь : Иэс ду-память. Хазна ю-казна. Герг ву -семью родн.брат. Олалла ду-Царство,Княжение. Халжаг ю -байракх. Жайла ю,т1аьхье-поколение. Талуорхой бу-разбойники. Аь.А-Б.